Саакашвилина суьдо дихкина буьйсанна хIусамера аравалар
![Саакашвилина суьдо дихкина буьйсанна хIусамера аравалар](https://gdb.rferl.org/02ECC664-640F-4D04-AC00-F0FF552F8CF9_w800_h450.jpg)
Киеверчу аппеляцин кхело сацам бина Саакашвили Михаил буьйсанна шен хIусамехь лаьцна латтор ву аьлла. Политикана чура аравалар дихкина сарахь 10 даьллачул тIаьхьа Iуьйранна 7 сахьт даллалц. Цунах лаьцна хаам бина «Украинская правда» газето.
Цу кепара, суд реза хилла прокуратуро динчу дехарна. Стохка Киеверчу Печеран кIоштан кхел реза ца хилира Саакашвили шен хIусамехь лаьцна латто.