Социалан машанехь Муцураевн йиш дIахIотторна бехке вина рогIера Нохчийчуьра вахархо
Нагахь кхело бехке ларахь, цу стагана гIуда тухур ду 3 эзар сом барамехь я чувуллур ву, 15 де хан а тоьхна, хаам бо "Кавказский узело".
Цу агенталло бинчу хаамца, 2017-чу шарахь Муцураев Тимуран эшарш Нохчийчохь зорбане яхарна жоьпе озийна лаххара а 6 стаг.