Оьрсийчоьнан паралимпийцаш битина Олимпиаде
![Оьрсийчоьнан паралимпийцаш битина Олимпиаде](https://gdb.rferl.org/F8135BB3-B976-497D-8BCC-E1A90CB1E6D7_w800_h450.jpg)
Къилба Корейхь дIахьочу 2018-чу шеран Iаьнан ловзаршка битина Оьрсийчоьнан паралимпийцаш. Пхенчханехь нейтралан байракха бухахь гойтур ду цара шайн хьуьнарш аьлла, хаам бина шен сайтехь Дуьненаюкъарчу паралимпикан комитето. "Нейтралан атлеташ-паралимпийцаш" аьлла, билгал а баьхна, спортан кхаа кепехь дакъалаца аьтто хир бу церан.
2016-чу шеран аьхка Дуьненаюкъарчу паралимпикан комитето Оьрсийчоьнан вовшахтоьхначу тобанна дихкинера Бразилерчу Паралимпиадехь дакъалаца.
Дуьненаюкъарчу антидопинган агенталло (ВАДА) Оьрсийчоьнан спортехь допингаш лелош хилар гIарадаьккхинчул тIаьхьа бинера комитето и сацам.