Собчакна дуьхьал протест йинарш шайггара лелаш бацара аьлла хета юкъараллехь
Собчак Ксенияс Соьлж-ГIалахь пикет дIаяьхьначул тIаьхьа Нохчийчуьра дIагIо аьлла, цунна протест кхайкхийначу кегийрхоша нохчийн хьаша тIеэцаран гIиллакхаш дохийна аьлла хета "Кавказан узел" агенталло къамел динчу бахархошна.
Яржийначу видео тIехь гуш ду, арарчу кофейнехь мала кофе оьцучу Собчаке тIебаьхкинчу кегийрхоша маьттаза багалееш.
"Тхуна ца лаьа Оьрсийчоьнах "Дом-2" ахь дан, - луьйш ву царех цхьаъ, - кхузахь хир дац "Дом-2" я тхуна оьшуш а дац", - бохуш.
И кегийнах шайн лаамца лелаш бара аьлла ца хета бакъонашларъярхочунна Сажин Игорна.
"Суна хетарехь, Собчак Соьлж-ГIала йогIий хиича, оцу сохьта тIедиллина "халкъан аз хазаде" аьлла. Ткъа омра кхочушдан хьаьвдда уггар а Iедална муьтIахьберш. Маьттаза кеп яра оцу кегийчу наха лелийнарг", аьлла Сажина.