Собчак Ксения: Соьга дуккха а кехаташ даьхкина Кавказера
ТIаьхьо билгалдаьлла, мостагIаллица цунна дуьхьалбевлларш Нохчийчоьнан урхаллера белхахой я церан гергара нах хиллийла.
"Суна хаьа нохчийн къам ишта доцийла. Хьаша тIеэцар мел деза, сийлахь ду Кавказехь суна ма хаьа. Цхьана нохчочо оцу кепехь боьха бага лейийр яц зудчуьнга", - аьлла Собчак Ксенияс.
"Амма ас бехк ца буьллу царна. Тахана уьш бехачу Нохчийчохь, къонахаллин, боьршачу стага лело дезачу гIиллакхашца чекхвала кхераме ду", - боху журналисто.
Кху беттан 27-28-чу деношкахь хилира Собчак Ксения Кавказан регионашкахь. Дуьххьара ГIалгIайчу еара иза, "Исс бIов" мемориале а хIоьттира, шен агIончашца цхьанакхетар дира. Цул тIаьхьа Нохчийчу кхаьчнера Собчак.
Журналистийн скверехь Титиев Аюб маьршаваккхар доьхуш цхьаллин пикает дIаяьхьира цо.