Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Январь
2018

Новости за 30.01.2018

Radiomarsho.com 

Австрерчу радиокомпанеша нохчашна депортаци цаяр доьху

Шинарийндийнахь йоллучу Австрехь иттанаша мукъамийн радиокампанеша дакъалецира нохчийн мухIажаршна депортаци ярна дуьхьало яран акцехь. "Депортацина дуьхьал медиа флешмоб" цIе йолчу акцехь Дечкен-беттан 30-чохь Iуьйранна 10 сахьт даьлча дуьйна делкъал тIаьхьа 3 сахьт даллалц лекхийтира "Битлз" тоба кхоьллиначу Леннон Джона язйин „Imagine“ йиш. Машаре а, адамашна юккъехь солидаралле а кхойкхуш йолу и девзаш долу илли локхуьйтуш акци юккъеяьккхинарш бара меттигера адамийн бакъонашларъярхой а, юкъараллин жигархой а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путин: Суна новкъадеана сан цIе "Кремлан тептарехь" цахиларна

Вашингтоно нахаладаьккхина "Кремлан тептар" – хьогIе акт ду, цо оьрсийн-Iамеркан юкъаметтигаш чолхечу хьоле ерзо тарло, вуьшта а, дуьненаюкъарчу пачхьалкхашца йолчу юкъаметтигашна а зен дан мега аьлла Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира, шен тешамечу нахаца хиллачу цхьанакхетарехь. Шена гина дац ша тептар, амма цу юкъахь шен цIе цахилар новкъадеана шена аьлла Путина кавказхойн акцентехь. Iамеркана жоп дала карарчу хенахь цхьана а кепара Iалашонаш яц шайн боху президенто. Хьекъал доцуш хIума ду Оьрсийчоь ГIажарийчоьнца а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Дена а, нанна а муьтIахь верг ву-кх патриот!"

Ерриге Оьрсийчохь санна Нохийчохь а болабелла патриоташ кхиоран бутт. Иштта олу 30 дийнахь массо а ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а дIахьочу цу хьехамах. Дакъалоцуш хуьлу республикан юкъараллин хIусамера белхахой а, цхьацца тIеман ветеранаш а,махкахь бевза кхиболу нах а болуш. Цара берашка дуьйцу пачхьалкхана гергахь царна тIедужу декхарх. Оршотдийнахь тIекхуьу чкъор кхето-кхиоран тоба яханера ТIехь-Мартан кIоштерчу цхьана ишколе. ОвхIанистанехь а, кхечу тIеман конфликташкахь дакъалаьцначу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь подполковник вийна сержанто

Нохчийчохь лахарчу сержанто подполконик вийна аьлла хаамбина Life интернетан гIирсо. Болчу хаамашца, Ставрополан кIоштарчу 74814-чу эскаран декъехь гIуллакх кхочушдеш хилла и шиъ. Нохчийчу ханна декхарш кхочушдан хьажийначу цу шиннан юкъахь конфликт иккхина. Бахьанаш луьстуш ду. Life дийцарехь, къаьркъа молуш хилла и шиъ, дов даьлча лахарчу сержанто Калашниковн автомат коьртах тоьхна, вийна подполковник. Талламаш болийна, бехкениг лаьцна Iедало.

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьнан Iедалхошна ца тайна шайна Iамерко санкцеш тохар

Цкъа а ца хиллачу кепара ситуаци ю аьлла Кремло Iамеркан финансийн министралло "Кремлан тептар" зорбане даккхар. "Документ теллинчул тIаьхьа, хетарехь, цхьа жамIаш дан мегар ду, - аьлла Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. Цо бахарехь, биэн дац цунна, ша оцу тептаре язвар, амма, Песковна хетарехь, де-факто диллича, тептарера и нах "Iамеркан мостагIий лерина" бу. Оьрсийчоьнан элита меттахъяккха гIертар ду и аьлла Федерацин Кхеташонехь "Кремлан тептарехь" хила хьакъ вара ша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iедална дуьхьало ярна масех нохчо лаьцна Венехь

Венерчу Майндлинг кIоштахь некъа тIехь къепе ларъечу полисхоша сацийначу машенан шопар а, цуьнца цхьаьна волу кхин а ши стаг а мелла хилар гучудаьллера. Машен юьгуш хиллачунна таллам бича, и 38 шо долу стаг  1, 88 промилле вахаран кеп йолуш хилар гина Iедалхошна. Меттигерчу низамца, 1,11 промилле дегIаца йолчу стаго машен хахкар магийна дац. Цуьнгара эха шарера пхеа шаре кхаччалц бакъонаш дIаяха а, ахчанца гIуда тоха а йиш ю. Шена таллам бар ца тайначу шопаро а, цуьнца машенахь хиллачу гIеметтахIоьттинчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: Цкъа мацца а кхетар ю Iамерка

Iамерко арахецначу "Путинан доттагIийн тептарх" комментари йитина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамазана. "Оцу тайпа Iовдал гIулчаш яха мегар дац. Дуьненаюкъара цхьа проблема Оьрсийчоь юкъахь йоцуш листа йиш яц церан. Басталур бу уьш. Амма цул тIаьхьа хиндерг Iамеркана гIенах а ца дайна", - аьлла, Твиттерехь йоза дитина Кадыров Рамзана.

Radiomarsho.com 

Собчак Ксения: Соьга дуккха а кехаташ даьхкина Кавказера

Къилбаседа Кавказан бахархошна, къаьсттина Нохчийчоьнан, баркаллин дешнаш аьлла Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидато Собчак Ксенияс. Нохчийчуьрчу кегийрхоша маьттаза багалейина ша юхайирзинчул тIаьхьа, дукха кехаташ дахкийтина шега боху цо, бехк цабиллар доьхуш, шаьш оцу кегийрхоша хIоттийначу кепо юьхьIаьржа дина бохуш, хаамбина "Кавказ.Реалиин" портале Собчакан пресс-гIуллакххоша. ТIаьхьо билгалдаьлла, мостагIаллица цунна дуьхьалбевлларш Нохчийчоьнан урхаллера белхахой я церан гергара нах хиллийла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оппозиционеран Хазбиевн могушалла галъяларх хаийтина цуьнан адвокато

Герз лелорна а, Iедалан векал сийсазварна а бехкевина, чохь латто ГIалгIайчуьра оппозиционер Хазбиев Мохьмад ара ца валийтина. ДIасавалар а доьхкуш, иза шен цIахь витар доьхуш чуделлачу кехатна дуьхьало йина кхело, хаамбо "Кавказан узел" агенталло. Хазбиевн могушалла галъяьлла хиларх а, цунна лерина лоьрийн Iуналла оьшуш хиларх а дIахаийтина цуьнан адвокато Ибриева Хедас. Адвокато доьху Хазбиев шен хIусамехь а витина, лоьрашка цуьнан могушаллин таллам байтар. Хазбиевс ша а дийцина, изоляторехь ша цхьаъ латтош хиларх а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Берийн хьакъ дIа ца кхачорна кхеле валийна да

Нохчийчоьнан суьдхойн пурстоьпийн урхалло бехктакхаман гIуллакх диллина меттигерчу вахархочунна дуьхьал, шен доьзална кхелан сацамца тIедожийна ахча дIа ца кхачадарна. Нажин-Юьртан кхелан сацамца и вахархо декхаре ву шен хиллачу зудчо дIадигинчу шина берана церан 18 шо дуззалц напха латто. Амма цо кхочушбина ца хилла и сацам. Таханалерачу дийнахь цунна тIехь ду 556 эзар сом декхар. Карарчу хенахь оцу гIуллакхана гонах талламаш бу дIахьош.

Radiomarsho.com 

Бакъо йоцуш герз лелорна кхел йийр ю Нохчийчуьрчу вахархочунна

Бакъо йоцуш герз латторна бехкевинчу ТIехьа-Мартанарчу вахархочун Алгириев Адаман хьокъехь гIуллакх прокуратурано листа хьажийна меттигерчу кхеле.Талламчаша бахарехь, дахначу шеран гурахь кехаташка хьовсуш сацийначу хенахь, цуьнгахь хааелла таллархочун тоьпах юхайина мажар.  Цунна дуьхьалдаьккхинчу гIуллакхца догIуш низамашкахь 5 шо гергга кхаччалц хан йогIу цунна, иштта  200 эзар соьме гергга гIуда а.

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра вахархо лаьцна Украинехь

Интерполехула лоьхучу Нохчийчуьрчу 24 шо долчу Бельтоев Исламе Киевн кIоштарчу Борисполан кхело 40 де а, буьйса а СИЗО-хь доккхуьйтур ду. КIентан адвокато Ермоленко Александра бина и хаам "Кавказ.Реалиига". И хан чекхъялале Оьрсийчоьно Украинана тоьшаллаш кхачо деза, Бельтоевн экстрадици ян бакъо луш аьлла адвокато. ГIаттамхойн могIаршкахь лаьттина аьлла, бехкево иза Оьрсийчоьно. Бангкокера схьа Истанбулехула кхаьчна Бельтоев Киеве. Украинан дозанхоша сацийнера иза, аэропортехь кехаташка хьожучу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шейх Заедан фондо Нохчийчу миллионаш хьовсор ду

REGNUM агенталло бечу хаамца, иттех шерашкахь Шейх Заедан цIарахчу фондо Нохчийчу бизнес кхио хьажор ду  долларшкахь миллионаш. Бизнесхошна гIо латтош, керла инновацеш юкъайохуш агIо лацархьама кхоьллинчу Шейх Заедан фондо  бизнес кхиош гIо деш субъекташна 500 миллион сом кхачо Iалашо лаьцна карарчу шарахь. 100 сов проект кхочушъян лаам бу оцу ахчанах. Стохка бIаьста дуьйнна Нохчийчохь болх беш ю доккхачу декъанна фонд. Цхьанатоьхначу Iарбойн Эмираташкарчу бизнесхойн ахчанаш тIехь кхоьллина организаци... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамерко "Кремлан тептаре" язбина санкцеш дуьхьал яха кечбина хьаькамаш

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн финансийн министралло зорбане даьккхина Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимимран гуонерчу нахана санкцеш дуьхьал яха кечбинчийн "Кремлан артикл" аьлла тептар. Оцу документа юкъа вахийтина верриг а 210 стаг. Iедалан урхаллера нах а, Путинан администрацера белхахой а, кхиболу лаккхарчу даржашкара политикан лидерш а, олигархаш а бу оцу тептарехь. Президентан пресс-секретарь Песков Дмитрий а, администрацин куьйгалхо Вайно Андрей а, вице-премьер Медведев Дмитрий а,... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *