Байинчу полисхойн доьзалш балха хIиттор тIедожийна Нохчийчоьнан Iедало
![Байинчу полисхойн доьзалш балха хIиттор тIедожийна Нохчийчоьнан Iедало](https://gdb.rferl.org/35460CA9-619C-4E7A-AFFC-6D7E61B62384_cx0_cy10_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчохь тIеман операцешкахь кхелхинчу полисхойн а, эскархойн а доьзалхой балха хIитто болийна Нохчийчохь. Массо а Iедалан хуькматийн куьйгалхошка омра делла лакхара охьа, и нах балха дIахIитто беза аьлла.
Амма ца аьлла бухахь болчу белхахошна хIун дан деза. Цуьнах хаам бина Маршо радиога Нохчийчурчу хьостано.
Болчу хаамашца верриг а 450 стаг ву рогIехь иштта балха хIотто везаш.