Оьрсийчоьнан 28 спортхочунна тоьхна санкцеш юхаяьхна Лозаннан кхело
Дуьненаюкъарчу олимпикан комитето Освалд Денисан комиссино Сочехь спортхоша допингаш лелийна я ца лелийна теллинчул тIаьхьа Оьрсийчоьнан спортхошна Олимпиаде бахка дуьхьало йинера.
Хьалхо дуьненаюкъарчу олимпикан комитето (МОК) Сочехь Олимпиадехь дакъалаьцна 43 Оьрсийчоьнан спортхо бехкевинера антидопинган низамаш талхорна, цара цигахь гайтина жамIаш а шеконашка а дохкуш.
Цул совнах, гуттаренна а Олимпан ловзаршка ца бита, сацам тIеэцнера.