Титиевна лоьрийн гIо кхачийна
"Ша лоцучу дийнахь стоматолог волчу шен дIаяьхна цергаш дIахIиттаяйта ваха везаш вара Титиев Аюб. Амма гIо кхачийна цунна СИЗО-н медицинан хIусамехь байначу беттан 30-чохь" аьлла, яздина ду хаам тIехь. "Мемориалан" информацица, хIинццалц хIума кхалла йиш йоцуш вара Титиев.
Бакъонашларъярхо бехкево боккхачу барамехь наркотикаш лелийна аьлла. Титиевс бехк тIе ца лоцу, ша беш хилла болх бахьана долуш, шен машенчу кхийсина полисхоша нгаркотикаш бохуш, чIагIонаш йо цо.