Кадыровн Facebook-ра агIо дIакъовларан бахьана дийцар доьху юха а Роскомнадзоро
![Кадыровн Facebook-ра агIо дIакъовларан бахьана дийцар доьху юха а Роскомнадзоро](https://gdb.rferl.org/A45062D0-A45A-4864-90EF-6B22867D3FC9_w800_h450.jpg)
Чиллан-бутт болалуш Роскомнадзоро юха а айина хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Facebook-ра а, Instagram-ра а агIонаш дIакъовларца доьзна хаттар. Цунах лаьцна РИА Новости агенталле хаам бина цу урхаллан куьйгалхочуьнан когаметто Субботин Вадима.
Цо дийцарехь, Роскомнадзоран белхахой цхьаьнакхеттера Facebook-ан векалшца. Цара юха а кехат кечдина Кадыровн агIо хьокъехь. "Цхьа бутт белла оха, коллегашка жоп ца даладелира", - даладо Субботинан дешнаш РИА Новости агенталло.
Кадыровн Instagram-ра а, Facebook-ра а агIонаш дIаяьхна 2017-чу шарахь ГIура-беттан 23-чу дийнахь. Роскомнадзоро даийтинчу кехатана жоп делира Facebook-о Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан аккаунташ дIаьяхна хиларх лаьцна, иза Iамерко санкцеш кхайкхийначу нахана юкъатоьхна хиларна.