Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Февраль
2018

Новости за 20.02.2018

Radiomarsho.com 

Нохчийн эшаршлакхархой баьхкина концерташ эцна Малхбузерчу Европе

Францехь а, Австрехь а концерташ дIаяхьира бевзаш болчу нохчийн артисташа. Димаев Iелий, Уцаева Маликий, Айдаева Мариний дахнера  Малхбузехь бехачу махкахошна шайн шира а, керла а эшарш йовзийта. Ниццехьий, Венехьий дIаьяхьанчу концерташка бIеннашкахь вайнах гулбеллера. Венерчу 300 стаг чу тарлуш йолу концертан зал юьзнера, цхьа а маьрша меттиг ца буьсуш. Иштта хьал дара Францерчу концертехь а. Димаевс а, цуьнца еанчу Уцаевас а, Айдаевас а масех сохьтехь самукъадаьккхира нохчийн эстрадина сагатделлачу хьовсархойн. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн Facebook-ра агIо дIакъовларан бахьана дийцар доьху юха а Роскомнадзоро

Чиллан-бутт болалуш Роскомнадзоро юха а айина хилла Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Facebook-ра а, Instagram-ра а агIонаш дIакъовларца доьзна хаттар. Цунах лаьцна РИА Новости агенталле хаам бина цу урхаллан куьйгалхочуьнан когаметто Субботин Вадима. Цо дийцарехь, Роскомнадзоран белхахой цхьаьнакхеттера Facebook-ан векалшца. Цара юха а кехат кечдина Кадыровн агIо хьокъехь. "Цхьа бутт белла оха, коллегашка жоп ца даладелира", - даладо Субботинан дешнаш РИА Новости агенталло. Кадыровн Instagram-ра а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Механа уггаре йораха хIусамаш ю Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIебартойн-Балкхаройчохь

Оьрсийчохь цхьана еакIов метран мах лаьрча, уггаре йораха хIусамаш ю Нохчийчохь, Дагестанехь, ГIебартойн-Балкхаройчохь. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло, говзанчаша далочу терахьашна тIе а тевжаш. Иштта Нохчийчохь гIишлон цхьана еакIов метран мах бу 30 эзар сом, Дагестанехь – 31 эзар сом, ткъа ГIебартойн-Балкхаройчохь – 32 эзар сом. Говзанчаш дийцарехь, и мехаш цу кепара хилар доьзна ду, меттигерчу бахархой дукхачу хьолехь, петаршна чохь а ца бехаш, шайн доларчу хIусамашкахь баха лууш хиларца.

Radiomarsho.com 

ДАIИШ-ан тIемалоша 27 шиIатийн милцо вийна Иракъехь

"Исламан пачхьалкхан" (ДАIИШ) тIемалойн тобано кIело йина Иракъерчу шиIатийн милцошна. Офицалан болчу хаамца, цара вийна 27 стаг. ШиIатийн милцой гIуллакх деш болчу Халкъан мобилизацин ницкъийн буьйранчалло дIахьедр дина, и тIелатар Чиллан-беттан 19-чохь ХIавиджа олучу меттехь хилла аьлла. Иза ю БагIдадана къилбаседехьа 30 километр хиллал. Милцойн тоба буьйсанна рейд еш хилла кхерамазалла ларъярехула. Ши бутт хьалха Иракъерчу Iедалша дIакхайкхийнера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна тIехь толам баьккхина шаьш аьлла.

Radiomarsho.com 

Латаран къийсадаларшкахь толамаш баьхна Францерчу вайнехан бераша

Карарчу 2018-чу шарахь дуьйна Францин латаран чемпионатехь дакъалаца йиш ю "Францин вахархо" статус йоцучу къона спортхойн. Оцу бахьанца дIадахначу мукъаденошкахь Францерчу Шильтигайм гIалахь хиллачу охьатохарх латаран чемпионатехь дакъалаца йиш хилира Францин бахархойн статус йоцучу вайнехан берийн а. Цара лакхара меттигаш ехира тайп-тайпанчу йозаллин категорешкахь. Царна юккъехь ю 4 хьалхара меттиг, 2 шолгIа меттиг, 3 кхозлагIа меттиг а.

Radiomarsho.com 

Телефонан зIе лакъор ю Оьрсийчоьнан Шемарчу тIеман базанашкахь

Оьрсийчоьнан тIеман никъийн Инарлан штабо буьйр дина Шемахь йолчу Оьрсийчоьнан тIеман базашкахь сотан телефонан зIе лакъайе аьлла. Цунах лаьцна хаам бина РБК агенталло, инарла-лейтенанто Кузнецов Юрийс Чиллан-беттан 2-чу дийнахь динчу омрана тIе а тевжаш. И хаам тIечIагIбина Оьрсийчоьнан тIеман министраллерчу хьастано. Ша аьлча, ХIмеймим авиабазан территори тIехь сигнал лакъор ю кхушеран Зазадоккху-бутт чекхбаллалц. Ткъа оьрсийн эскарш дIатардинчу кхечу территорешкахь -- Мангал-беттан 1-ра де тIекхаччалц, аьлла ду цу документеха тIехь. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *