Дагестанера кIант Иракъера цIавалош ву Сабсабис
Хьалхо цу кIентан ненадас Абдулаев Ахьмада дехар динера Кадыров Рамзане кIант цIавалош гIо дахьара аьлла. Цо бина видеокхайкхам интернетехь шуьйра баьржина хилар билгалдоккху РИА Новостино.
Агенталло бинчу хаамца, кIант Нохчийчу кхачор волуш ву тахана, Чиллан-беттан 21-чу дийнахь.

