Путинна критика йина десантник дIалаьцна
Путинна критика йина Дагестанера блогер-десантник Алибеков Асхьаб 10 денна дIалаьцна Новороссийскехь. Бахьана: полисхошна дуьхьалояр.
Алибековн йоIа дийцарехь, полисхоша шаьш карзаха ваьккхинера иза.
Алибеков вевзаш ву шен YouTube-каналехь президентан харжамашна дуьхьала бечу кхайкхамашца.