Эзарнашказь маьршачу наха дIатесна Шеман Малхбалера Гута
ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан маслаIатан резолюци тергал а ца еш, Гутехь тIемаш дIахьош бу. Шемарчу Iедалша а, Оьрсийчоьно а дIахьедо, шаьш тохарш "террорхошна" деш ду аьлла. Кху цхьана баттахь президентан Асад Башаран эскарша Малхбалерчу Гутан доккха дакъа дIалаьцна. Бакъонашларъярхойн зерашца, яхначу буса 10 эзар меттигерчу маьршачу бахархойна каяьлла гIалара арабовла. Оьрсийн тIеман буьйранчаша, 30 эзар ву аьлла кIелхьараваьлларг.
Адамийн бакъонийн мониторинг латточу Шеман центро иштта хоуьйту, Шеман Къилбаседанера курдойн Африн кIоштара а мухIажирш уьдуш хиларх. Туркойчоьно агIо латточу Шеман гIаттамхойн тобанашна а, курдойшна а юкъахь тIемаш бу цигахь лаьтташ. ТIаьххьарчу деношкахь 150 эзар стага дIатесна и кIошт. Африн ерриг а схьаяккха шайн Iалашо хиларх дIакхайкхийнера Туркойчноьно.