Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 17.03.2018

Radiomarsho.com 

Эзарнашказь маьршачу наха дIатесна Шеман Малхбалера Гута

ГIаттамхоша шайн карахь латточу Шеман Малхбалерчу Гутехь пачхьалкхан эскарша динчу авиатохаршкахь мел лахара а 30 маьрша вахархо вийна. Бакъонашларъярхоша бо и хаам, анклаван гонера бовла гIертарш бу оцу бомбанашна буха нисбелларш бохуш, чIагI а деш. ТIаьххьарчу цхьана баттахь Малхбалерчу Гутехь тIемаш жигарбовларца, эзар гергга маьрша вахархо вийна цигахь. ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан маслаIатан резолюци тергал а ца еш, Гутехь тIемаш дIахьош бу. Шемарчу Iедалша а, Оьрсийчоьно а дIахьедо, шаьш тохарш "террорхошна" деш ду аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчу шайн тергамчаш ца бохуьйту "Яблоко" партино

Навальный Алексейс Оьрсийчоьнан президентан харжамашка шайн квотаца Нохчийчу хьовсийна тергамчаш юхакхайкха Iалашо хилла "Яблоко" партин. Явлинский Григорийс тешвинчо деллачу кехатех, тергамчаш Нохчийчу хьовсош пайдаоьцур буйла ца хиънера шайна аьлла, дийцина партехь болчара. "Тхуна хетарехь, оцу бахархошна, тергамчаш санна Нохчийчу ховсийначарна, кIорггера хууш дац, регионехь долчу сингаттамечу хьолах. Халахеташ делахь а, кест-кеста стеган дахарна кхераме мIаьргонаш хIуьтту цигахь, къаьсттина хаарш доцчунна а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIирмехь харжамаш хилийта дуьхьал ю Украина

ООН-ан Инарла секретаре а, оцу организацин декъахошка-пачхьалкхашка а кехат дахьийтина Украинано, Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирмехь а, Севастополехь а кIирандийнахь президентан харжамаш хилийта ша дуьхьал хилар хоуьйтуш. Иштта Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллан а, Лакхарчу Радан а дехар а ду цу кехата тIехь, ГIирмехь кхаьжнаш тасийтарна Оьрсийчоьнан Iедалшна дуьхьал кхи а санкцеш яха аьлла. ГIирман территори тIехь дIабаьхьна  Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думе харжамаш а тIе ца битира Евроберто а, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штататша а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Титиев Аюбан рогIера арз толлур ду оршотдийнахь

ТIедогIучу оршотдийнахь, 19-чохь, Iуьйранна 10 сахьт аьллачу заманчохь Нохчийчоьнан Лакхарчу кхело луьстур ду Соьлж-ГIаларчу "Мемориал" центран офисан декъан куьйгалхочун Титиев Аюбан хьокъехь чуделла арз. Кхелан сацамца, Стигалкъекъа-беттан 9-чу дийне кхаччалц чохь латтор волуш ву иза. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро кхойкху цу дийнахь кхеле журналисташ а, бакъонашларъярхой а, иштта Титиевх доглозурш а. "Дуьйлийша дог эца тхан белхан накъостан, доттагIчун, дикачу стеган", - аьлла, яздо "Мемориало" Фейсбукерчу шен агIон тIехь.

Radiomarsho.com 

Джабраилов дохковаьлла Севастополна ахча дала

ГIирман уггар а йоккхачу гIаличу инвестицеш кхачо Iалашо хиллачу Нохчийчуьрчу бизнесхочо, экс-сенатора Джабарилов Iумара йохийна шен планаш. Хьалхо цуьнан пресс-гIулакххоша хаамбира, 10-20 миллион долларшкахь "Къилба Севастопол" цIе йолу индустри кхио делла хиларх бизнесмено. "Оцу ситуацех ма дарра ала лаьара суна. Баккъал а, хаамийн гIирсийн а, оцу заводехь болхбечийн а тергонехь нисделлера тхо церан гIалин Iедалшца конфликт хилча. Оцу конфликта юкъадоьхкинера тхо а. Тхан аьтто белира и ситуаци дIамалъян", - аьлла Джабараиловс. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчоьно 23 Британин дипломат аравоккхуш ву шайн пачхьалкхера

ТIедогIучу кIиранчохь Британин 23 дипломат шайн пачхьалкхера аравоккхуш ву Оьрсийчоьно. Цул совнах, Москохара Британин кхеташонан векалт а дIакховлуш ю. Дешарехь, Iилманехь Великобритани дуьненна а йовзуьйтуш, политикаца йоьзна йоцу организаци яра Британин кхеташо. Петарбухахь Британин консулалла схьайоьллуш бинчу бертана а дуьхьало йина Оьрсийчоьно. Шоьтадийнахь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло текхайкхинчу Великобританин Москохарчу векало Бристоу Лорис бина и хаам. Оьрсийн министралло динчу дIахьедарехь билгалдоккху... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Сенатор хила дагадеана Джабраилов Iумарна

РБК каналана еллачу интервьюхь дийицна бизнесхочо шен лаамех. "Юха а сенатор хIотта лаьара суна. Суна хIинца хаьа, айса нийса хIун ца дора а, Оьрсийчоь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейн (ПАСЕ) юкъаяхча, сайх мел  пайда хир бара а. Санкцеш совцор яра, дуьненахь а хийцамаш хир бара", - аьлла, дIахьедина Джабраиловс. 2004-2009-чу шерашкахь Нохчийчоьнан цIарах сенатор вара Джабраилов Iумар, ишта федерацин Кхеташонан куьйгалхочун дуьненан юкъарчу гIуллакхашкахула гIовс а, ПАСЕ-хь оьрсийн делегацин декъахо а вара иза. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Гермачигахь газ иккхина бер делла, лазийнарш а бу

Шела кIоштарчу Гермачигахь хIусамехь газ иккхича, тхов тIе а боьжна, жима бер делла, шинна чевнаш йина. Бохам хиллачохь белхаш беш бу орцанхой а, ницкъаллин струткутран белхахой а. "Новости" агенталло шоьтадийнахь бина и хаам. "Гермачигарчу Дружная олучу урамерчу цIа чохь иккхина газ. Цхьа бер делла, юккъерачу барамашкахь могушаллина зенаш дина кхи а шинна. Уьш дарбан хIусамехь бу", - аьлла, дийцина агенталле орцан министраллан векало. Газ эккхаран бахьанаш толлуш ю комисси.

Radiomarsho.com 

Кадыровс харжамашка кхойхку Iамерка а, Европа а, Навальный а

Нохчийчуьрчу Оьрсийчоьнан президентан харжамашка кеп-кепарчу политикан ницкъаша шайн тергамчаш бахийта лаам хиларх вистхилла Кадыров Рамзан. "Массарна а хаа луург, Навальный Алексейс Нохчийчу "шен нах" бахкийтар оха тIе муха эцна. Суна ца хаьа, муьлхачу статусехь бу и нах, амма харжамашна тIехь терго латто луург массо а, ша Навальный а, "цуьнан нах" а, Iамеркера, Европера а цхьана тергамчаш оха кхойкхуш бу тхайн республике кIирандийнахь", - аьлла Кадыровс. Амма цуьнан карахь цхьа бакъо хила еза... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *