Харжамашкахь лелочу харцонех хаамбина тергамчаша
Масала, Москохарчу а, Южно-Сахалинскан а цхьаццайолчу каппашкахь кхаьжнаш таса буьйла а балале, яьшки чохь цхьа туп бюллетенеш хилла. Центризбиркомехь комиссин декъашхоша а, тергамчаша а, полисхоша кхаьжнаш тесна бюллетенеш ду уьш аьлла.
Сахалинехь харжамийн дакъошкахь туьканашкахьчул а 15-20 процент мехаш охьа а даьхна, кхачан-сурсаташ хилла духкуш.
Ткъа Москохарчу цхьана куьпахь мах охьабаьккхина талонаш йоькъуш хилла ювелиран хIумашна а, юучунна, хаамбина Навальный Алексейн тергамхоша.
Иштта, низам ца лардеш, йиллина дIахьош агитаци ю Путин Владимирна. Цхьайолчу харжаминй каппашкахь кхозуш ду Путинан портреташ.
Маршо Радиога махкара бинчу хаамашца, Нохчийчохь пачхьалкхан белхахошка, шаьш кхаж тесначул тIаьхьа бюллетенан сурт а даккхий, Ватс апехула куьйгалле дIакхачаде аьлла. Нагахь харжамашка ца боьлхуш Iахь, балхара дIабохург хилар а хоуьйтуш.
Иштта "Голос" боламо шен карти тIехь хоуьйту харжамхойн тептарехь белла нах хилар а.