Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 18.03.2018

Radiomarsho.com 

Президентан харжамаш, Соьлж-ГIала

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш дезачу дийнан хьесапе берзийна дIабаьхьна Нохчийчохь. Соьлж-ГIалара хьал тергонехь латтийра Маршо Радионо.

Radiomarsho.com 

ВЦИОМ-ан экзитполаш: Хьалхарчу турехь толам Путинехь бу

Оьрсийчоьнан президентан харжамаш бирзи. Москохарчу хенаца 21 сахьт даьлча массо а Калининградан кIоштара харжамийн каппаш дIакъевлина. Оьрсийчоьнан харжамийн комиссин зерашщца, йоллу пачхьалкхехь 60 процент бахархоша кхаьжнаш тесна. Оппозиционеран Навальный Алексейн тергамчаша дIахьедарехь, баккъал долу терахь 55 процент ду. Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсийн хьесапца, экзит-пол ишттIа хIоьттина: Путин 73,9% Грудинин 11,2% Жириновский 6,7% Собчак 2,5% Оьрсийчоьнан 2018-чу шеран президентан харжамашкахь дакъалоцуш бара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кремлан политикана дуьхьал митинг хилира Венехь

Оьрсийчоьнан президент хоржучу дийнахь Кремлан политика емалъян арабевллера Венин бахархой. „Нах бойу Путин юха ца харжарна дуьхьало яр" бохучу лозунгаца вовшахтоьхна йолу митинг Венин кхозлагIчу кIоштарчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха дIаяхьира. "Путин Владимир юха а Оьрсийчоьнан президентан даржехь чIагIваран харжамаш бу уьш, церан жамI тоххарехь хууш ду. Цигахь цхьа а маьрша харжам боцийла къайле яц", - элира Маршо Радионе митинган декъашхойх цхьаммо Оспанов Ахьмада. Цундела ша а, шен накъостий... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Депардье Жерар а ву Оьрсийчоьнан президент хоржуш

Францин актеро Депардье Жерара дакъалаьцна Оьрсийчоьнан президентнан харжамашкахь. Парижерчу оьрсийн векалтехь цигарчу хенаца 10 даьллачул тIаьхьа веана, кхаж тесна цо. Оьрсийоьне болчу боккхачу безамца а, патриотан дог-ойла йолуш ша хиларна а веанера аьлла Депардьес. Францера актерана Депардье Жерарна оьрсийн паспорт дала бакъо луш,  омрана куьгъяздинера Оьрсийчоьнан президента Путин Владимира. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана 5 чоь йолу петар елира францхойн актерана Депардьё Жерарна.

Radiomarsho.com 

Собчак Ксениян агIончана кхерамаш тийсина Соьлж-ГIалахь

Президентан харжамийн кандидатан Собчак Ксениян агIорчу комиссин декъахочунна Ефремов Игорна кхерамаш тийисина Соьлжа-ГIалахь аьлла, хаамбо ОВД-Инфо гIирсо. Харжаман декъехь ха дечу масех стага кхерамаш тийсина хилла Ефремовна, гена доцчу дарбан цIийнера 391 лоьмар йолчу декъе баьхкинчу белхалошна кхаж таса дуьхьалоярна.   Ефремовс бахарехь, уьш ца хилла тептарна юккъехь, тIаккха комисси кхи совнах тептар хIотто гIоьртина, уьш тIе а язбеш. ОВД-Инфос, тергамчан Клепиков Дмитрийн хаамна тIе а тевжина яздарехь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Харжамашкахь лелочу харцонех хаамбина тергамчаша

Оьрсийчоьнан кеп-кепарчу регионашкарчу харжамийн дакъошкарчу тергамчашкара хаамаш бу, кхаьжнаш тасараехь харцонаш лелош хиларх. Харжамхой яккхий тобанашца машенкашкахь схьакхийлар, къаьсттина, пачхьалкхийн хьукматашкара белхахой, ишта бюллетенеш чукхийсар, тергамчаш харжамийн каппашка чу ца битар а. Масала, Москохарчу а, Южно-Сахалинскан а цхьаццайолчу каппашкахь кхаьжнаш таса буьйла а балале, яьшки чохь цхьа туп бюллетенеш хилла. Центризбиркомехь комиссин декъашхоша а, тергамчаша а, полисхоша кхаьжнаш тесна бюллетенеш ду уьш аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхаьжнаш тесна 17,04 процент бахархоша

Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь Нохчийчохь карарчу хенахь кхаьжнаш тесначийн терахь Iорадаьккхина махкарчу зорбанаша. Пачхьалкхан автоматикан "Харжамаш" системан зерашца, 10 сахьт даьллачу хенахь харжамашкахь хилла 120 553 харжамхо, проценташкахь аьлча, 17,04. Iуьйранна 8 сахьт даьллачул тIаьхьа 10 сахьт даллац къаьсттина жигаралла гайтина Куьршалахь, цигахь 9229 харжамхо чекхваьлла (21, 1). Соьлжа-ГIалин кIошташлахь хьалха ю Ленинск кIошт, итт сахьт даьлча гайтина терахь 16, 77 процент хилла.

Radiomarsho.com 

Собчакан а, Грудининан а тергамчаш бу Соьлжа-ГIалахь харжамашкахь

Соьлж-ГIаларчу лоьмар 391 йолчу харжаман декъехь  Оьрсийчоьнан президентан харжамийн кандидатийн Собчак Ксениян а, Грудинин Павелан а агIор тергамчаш хаабелла. Болчу хаамца, оьшу информаци и луш, харжамхошца маьршша къамел дан бакъо елла царна. Цхьана а кепара провокацеш, Iиттарш йоцуш дIахьош бу харжамаш. Билгалдоккху, Нохчийчохь дIахьочу харжамашна тIехь терго латтош ву кандидаташа а, политикан партеша а, мехкан Юкъараллан палатано а хьалхатеттина 3,5 эзар стаг. Бу царлахь дуьненаюкъара а. Аккредитаци кхаьчначу 100 гергга регионерчу а ... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь кхаьжнаш тийса буьйлабелла

Iуьйранна 8 сахьт даьлча схьайиллина Нохчийчохь Оьрсийчоьнан президентан харжамийн каппаш. 475 куп хир ю тахана Нохчийчохь болх беш. 21 царех ханна йиллина ю, 12 эскархойн дакъошкахь, 8 дарбан хIусамашкахь, 1 Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь тутмакахашна лерина йиллина.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *