Кремлан политикана дуьхьал митинг хилира Венехь
"Путин Владимир юха а Оьрсийчоьнан президентан даржехь чIагIваран харжамаш бу уьш, церан жамI тоххарехь хууш ду. Цигахь цхьа а маьрша харжам боцийла къайле яц", - элира Маршо Радионе митинган декъашхойх цхьаммо Оспанов Ахьмада. Цундела ша а, шен накъостий а шаьш уьш харжамаш ца лорий дIагайта араваьлла элира цо.
Оьрсийчоьнан векалтна хьалха дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш бара Нохчийчуьйра а, Шемара, Украинера а орамаш долу нах.
Оццу хенахь векалтехь харжамашкахь шайн кхьаьжнаш дIадала арабевлла болу оьрси а бара. Тайп-тайпанчу хьостанашца, 50 эзар герга стаг ву Австрехь Оьрсийчоьнан векалтехь чоте хIоттийна, оьрсийн паспорташ а долуш, харжамашкахь дакъалаца йиш йолуш.