ГIалгIайчоьнан бахархоша бина латкъамаш толлур бу лерринчу комиссино
![ГIалгIайчоьнан бахархоша бина латкъамаш толлур бу лерринчу комиссино](https://gdb.rferl.org/23A8D47C-60C5-40EC-9189-996AF88615EE_cx0_cy27_cw0_w800_h450.jpg)
Оьрсийчоьнан президентан харжаман кампани дIайоьдуш Iедалшна йина критика талла леррина комисси кхуллур ю ГIалгIайчохь. И хаам бина Евкуров Юнус бека журналисташца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Комиссино толлур ду президентан дарж къовсуш хиллачу кандидатийн меттигерчу векалша Iедалша социала-экономикан хьашташ кхочуш деш дац аьлла бехке дар.
Комиссино шен болх берзийча меттигерачу телехьожийлехь эфир йийр ю цу нахаца карийна кхачамбацарш а дуьйцуш.