Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 20.03.2018

Radiomarsho.com 

Мискачарна сихха орцахбевлира нах

КIелвисинчуьнга хьожуш – иза гергара я лулахь вехаш вацара аьлла доцуш – даима а хилла нохчийн къоман. Деношкахь, халачу хьелашкахь йоллу, цунна гIо оьшу, аьлла, хаам баржийра социалан машанашкахь цхьана дуккха а бераш долчу зудчух лаьцна. Наха ши де далале лахьийра вовшашлахь доьзална массийтта миллион сом.

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчоьнан бахархоша бина латкъамаш толлур бу лерринчу комиссино

Оьрсийчоьнан президентан харжаман кампани дIайоьдуш Iедалшна йина критика талла леррина комисси кхуллур ю ГIалгIайчохь. И хаам бина Евкуров Юнус бека журналисташца шен хиллачу цхьаьнакхетарехь. Комиссино толлур ду президентан дарж къовсуш хиллачу кандидатийн меттигерчу векалша Iедалша социала-экономикан хьашташ кхочуш деш дац аьлла бехке дар. Комиссино шен болх берзийча меттигерачу телехьожийлехь эфир йийр ю цу нахаца карийна кхачамбацарш а дуьйцуш.

Radiomarsho.com 

Роскомнадзоро 15 де делла Telegram-на

Роскомнадзоро 15 де делла Telegram-на, низамо бохург кхочуш а дина, Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIадала. Цул тIаьхьа цу мессенджерна блок хIоттор доьхуш суьде кехаташ хьажо мегаш ду цу урхалло. Хьалхо Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо юхатуьйхира Telegram мессенджеро Федералан кхерамазаллин сервисе (ФСБ) кховдийна иск. Цунах лаьцна хаам бо "Медиазоно". Telegram-н векалша доьхург дара ФСБ-но хаамаш схьабаста оьшуш долу догIанаш шайга схьало бахар низамца догIуш цахилар даре дар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Исламан пачхьалкхан" тIемалоша дIалаьцна Димашкан кIошт

"Исламан пачхьалкх" олучу тобанерчу тIемалоша дIалаьцна Димашкан Ал-Кадам олу кIошт. Иза хилла Асад Башаран эскарша оппозицин тIеман тобанаш цигара ахаяьхначул тIаьхьа. Reuters агенталло бинчу хаамца, Ал-Кадамехь тIемаш боьлху шолгIа де ду. "Исламан пачхьалкхан" тIемалоша вийна 40 гергга Асадан эскархо. Иттаннаш чевнаш йина а, йийсаре лецна а бу.

Radiomarsho.com 

"Вежараллин цхьаьнакхетар" кечдеш бу нохчийн а, гIалгIайн а юкъараллин жигархой

Нохчийн а, гIалгIайн а къаьмнийн цхааллин де билгалдоккхуш Зазадоккху-беттан 25 дийнахь "вежараллин цхьаьнакхетар" дIахьур ду вайнехан юкъараллин жигархоша. Иза хир ду шина республикан дозанерчу Сипсо-гIалахь. И цхьанакхетар кечдеш социалан машанехь бинчу кхайкхамехь хаам бина, цхьанна а кепара политикан хаттарш ца дуьйцуш, шина къоман барт а, гергарло а чIагIдар ду аьлла.

Radiomarsho.com 

Telegram-н иск юхатоьхна Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо

Оьрсийчоьнан Лаккхарчу суьдо юхатоьхна Telegram мессенджеро Федералан кхерамазаллин сервисе (ФСБ) кховдийна иск. Цунах лаьцна хаам бо "Медиазоно". Telegram-н векалша доьхург дара ФСБ-но хаамаш схьабаста оьшуш долу догIанаш шайга схьало бахар низамца догIуш цахилар даре дар. Telegram-н векалш тетевжарг ю, бахархоша вовше яздийриг лардеш йолу, Оьрсийчоьнан Конституци. Амма ФСБ-но цунна дуьхьал дIахьедарш до, мессенджер лелорхоша яздийриг Конституцино ларйеш йолу информаци яц бохуш. Стохка шо чекхдолуш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Францин полицино лаьцна президент хилла Саркози Николя

Францин полицино Парижехь лаьцна цу мехкан президент хилла Саркози Николя. Рейтер агенталло бинчу хаамца, и лацар доьзна ду 2007-чу шарахь цуьнан харжаман компанина ахча даларца. Либин Iедалша Саркозина ахча делла хила мега бохучуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакх схьаддиллина ду 2013-чу шарахь, яздо  Lе Monde газето. Францин хилла президент талламан изоляторе хьажийна шинарин дийнахь цу гIуллакхехула ладогIаршка веъча. 48 сахьт далалесуьдо сацам бан безаш бу иза талламан изоляторехь витарх лаьцна. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Собчакана политикан тутмакхаш хетачу нахана юкъахь бац къилбаседа-кавказхой

Оьрсийчоьнан президентан дарж къовсуш хиллачу Собчак Ксенияс дIаделла харжамашкахь толам баьккхинчу карарчу хенахь цу даржехь волчу Путин Владимире политикан тутмакхаш шена хетачу нехан цIераш тIехь йолу кехат. Цу нахана юкъахь ву 16 стаг, масала, оппозицин политикан Навальный Алексейн ваша Навальный Олег а, ЮКОС мехкадаьттан компанин белхахо хилла Пичгин Алексей а, 64 шо долу юкъараллан жигархо Мохнаткин Сергей а, иштта дIа кхин а. Амма Собчакан цIейозана юкъахь цхьа а Къилбаседа Кавказера вахархо... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Путин президент хаьржина хилар хаьа Трампана

Iамеркан президентана Трамп Доналдана хууш ду Путин Владимира президентан харжамашкахь толам баьккхина хиларх лаьцна. Цунах лаьцна дIахьедар дина КIайн ЦIийнан векало оршотан дийнахь. Цо дийцарехь, Трампан а, Путинан а телефонан къамел хир ду аьлла планехь дац. Путин декъалвеш дешнаш а ца аьлла хIинца а Трампа.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *