Набахтехь шена ницкъ барх лаьцна дийцина суьдехь ГIалгIайчуьрчу вахархочо
Прокуратуран версица, Албогачиев цхьана исламан тобанан декъашхо хилла, президентан Асад Башаран эскаршна дуьхьал летачу.
Кхел йоьдуш цу стага дIахьедар дина, шена набахташкахь йиттина, и бахьана долуш масийттоза госпиталшкахула чекхваьлла ша аьлла.
Албогачиевн адвокато иза Шемахь тIом беш хилла бохург талламхо харц лер а, цо шега кхоьллина хIума а ду аьлла.
РогIера суьдан кхеташо хир ю Охан-беттан 16-чу дийнахь.

