Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Март
2018

Новости за 22.03.2018

Radiomarsho.com 

Урдунера шира нохчийн маьждиг

Урдунерчу нохчаша леррина Iалашйо шайн дай-наноша ДегIастанара дIаьяьхьна йийбар, духар, герз, пхьегIа. Иштта лардо махкахь дIатарлуш цара кхоьллина гIирс а, кхидолу ширачу заманан тоьшаллаш а. Нохчаша шаьш Урдуне ма-кехччи динчу Маьждигехь хилира Маршо Радион корреспондент. Иза лаьтта Сувейлехь.

Radiomarsho.com 

НСН: Чичваркинна дикка мийра кхета мегаш бу Нохчийчуьра

Ламаз до ша аьлла, моттаргIа йина Лондонерчу урамехь Оьрсийчуьра ведда волчу бизнесхочо Чичваркин Евгенийс, хаам бо НСН (Къоман керланийн срвис) агенталло. Автосалонна хьалха Rolls-Royce "ламазан куза" тIехь машенна корта тухуш яьккхина видео дIахIоттийна цо шен Instagram -хь.   Чичваркинан «провокацина» комментари йина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахаьрчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министр волчу Умаров Джамбулата. «Чичваркин санна волу кIилло цкъа а ваьхьар вацара и саннарг Соьлж-ГIаларчу урамехь дан. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Савченко лаьцна Киевехь

Киевехь лаьцна халкъан депутат Савченко Надежда. Иза бехкейина махкахь Iедалан карчам бан дагахь хилла аьлла, хаам бо Маршо Радион корреспонденто. Украинин парламент еарин дийнахь реза хилира Украинин инарлан прокуратуро Савченко жоьпе озо а еза, лаца а еза, чуйолла а еза аьлла динчу дехарна. Лаккхарчу Радехь иза дан бакъо луш кхаж тесначул тIаьхьа хилла йолу пилот араелира, амма ,гергарчарца а, шен агIончашца а къамел а дина, Лаккхарчу Раде юха чуеара иза. Эццехь лецира Савченко.

Radiomarsho.com 

Думо аккредитаци дIаяьккхина цхьамогIа зорбанан гIирсашкара

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо аккредитаци дIаяьккхина шен белхана бойкот йинчу зорбанийн гIирсашкара. Цунах лаьцна дIахьедар дина спикеро Володин Вячеслава. Хьалхо Дождь" телеканалана тIаьххье RTVI телеканало а сацийра Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь болх бар, журналсташца-зударшца оьзда воцуш лелла волчу дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Слуцкий Леонида цхьа а вон хIума дина ца карийна шайна аьлла, кхаарин дийнахь этикехула йолчу комиссин декъашхоша сацам бинчул тIаьхьа. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Полицино ша бехкевар бух боцуш ду боху Саркозис

Каддафи Муаммарера миллионашкахь еврош ша эцна бохург бакъ дац аьлла, дIахьедар дина Францин президент хиллачу Саркози Николяс. Ша бехке веш ву боху цо, цхьа а бух боцуш, яздо Le Figaro газето. Шина дийнахь левинчул тIаьхьа коррупцица къийсам латточу полицино бехк кховдийна Саркозега, ахчанца доьзна низам дохош 2007-чу шарахь  президентан харжаман компани дIаяхьарна а, Либин лидерера ахча эцарна а. Полицино толлуш ду Каддафин Iедало 2007-чу шарахь президентан харжамашкахь дакъалоцуш волчу Саркозина къайлаха 50 миллион евро делла бохург.

Radiomarsho.com 

Харжамашкахь низам дохорна 228 латкъам бина Къилбаседа Кавказера

Зазадоккху-беттан 18-чохь хиллачу президентан харжамашкахь низам дохийна хилар хьокъехь 228 латкъам бина Къилбаседа Кавказерчу федералан гонера. Низам дохор билгалдаьккхина ду "Низам дохоран картана" тIехь. Уггаре дукха латкъамаш кхаьчна цу регионера Ставрополан махкара а, Дагестанера а, Кхарачой-Чергазийчуьра а, Нохчийчуьра а. Цигахь жигара болх беш бара тIехьажархой. Низам дохийна бохуш волонтераш дуьйцург ду цхьацца наха дуккха а бюллетенаш чукхиссар а, "Харжамаш" системехь долу кхаж тасаран жамIаш шалха довлар а.

Radiomarsho.com 

Думехь болх бар сацийна цхьамогIа зорбанан гIирсаша

"Дождь" телеканалана тIаьххье RTVI телеканало а сацийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думехь болх бар, журналсташца-зударшца оьзда воцуш лелла волчу дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо Слуцкий Леонида цхьа а вон хIума дина ца карийна шайна аьлла кхаарин дийнахь этикехула йолчу комиссин декъашхоша сацам бинчул тIаьхьа. Бойкот латтор ю шаьш Слуцкий цу даржехь мел вуьсу аьлла, дIахьедар дина RTVI коьртачу редакторо Пивоваров Алексейс. Иштта сацам бина Znak.com зорбанан гIирсо а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Набахтехь шена ницкъ барх лаьцна дийцина суьдехь ГIалгIайчуьрчу вахархочо

ГIалгIайчура вахархочунна Албогачиев Iабдулмаликана тIехь кхел ю дIайоьдуш Ростох, хаам "Кавказский узело". Цунна бехке дуьлуш ду 2015-чу шарахь Шемахь хиллачу тIемашкахь дакъалацар. Прокуратуран версица, Албогачиев цхьана исламан тобанан декъашхо хилла, президентан Асад Башаран эскаршна дуьхьал летачу. Кхел йоьдуш цу стага дIахьедар дина, шена набахташкахь йиттина, и бахьана долуш масийттоза госпиталшкахула чекхваьлла ша аьлла. Албогачиевн адвокато иза Шемахь тIом беш хилла бохург талламхо харц лер а, цо шега кхоьллина хIума а ду аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалар полисхочунна герз тохар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" тобано

"Исламан пачхьалкх" тобано шена тIелаьцна Соьлж-ГIалахь полицин белхахочуунна тIелатар дар. Цунах лаьцна хаам бина РБК-но. Цу тобанан векалша чIагIдарехь, Нохчийчохь полисхочунна тIелатар динарг хилла "Исламан пачхьалкхан" тIемало. Хьалхо РЕН ТВ-но хаам барца, кху беттан 20-чохь Нохчийчохь герз тоьхнера Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан полицина. И бахьаана долуш чов йинера цхьана полисхочунна. ТIелатар динарг вийнера, дуьхьал герзаш а тоьхна.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *