Соьлж-ГIалар полисхочунна герз тохар шена тIелаьцна "Исламан пачхьалкх" тобано
Цу тобанан векалша чIагIдарехь, Нохчийчохь полисхочунна тIелатар динарг хилла "Исламан пачхьалкхан" тIемало.
Хьалхо РЕН ТВ-но хаам барца, кху беттан 20-чохь Нохчийчохь герз тоьхнера Соьлж-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан полицина. И бахьаана долуш чов йинера цхьана полисхочунна.
ТIелатар динарг вийнера, дуьхьал герзаш а тоьхна.

