Оьрсийчоьнан 4 дипломат араваккха сацам бина Германино
![Оьрсийчоьнан 4 дипломат араваккха сацам бина Германино](https://gdb.rferl.org/E69AADD9-F8B5-439D-BB86-41D762508BCB_w800_h450.jpg)
Германера арвоккхуш ву Оьрсийчоьнан 4 дипломат. И нах юкъахьакхабелла хила мега Англехь Оьрсийчоьнан ГРУ-н эпсар шиллачу Скрипаль Сергейна дIаьвшен тIелатар дарна аьлла, шеко ю немцойн Iедалан.
Цунах лаьцна хаам бина оршотан дийнахь Зюйд Дойче Цайтунг (Sueddeutsche Zeitung) газето. ТIаьхьо Германин арахьарчу гIуллакхийн министралло тIечIагIбина и хаам.