Соьлж- ГIаларчу «Лента» туькана хьалха юха а бухахевшина Iа полисхой
Соьлж-ГIаларчу «Лента» супермаркетана хьалха юха а дIахIиттина полисхой. Уьш къелхевшина бу цу туькана малар эца богIучу нохчийн къомаъх болчу нахана.
Корта бахо малар а эцна арабевллачаьргара иза циггахь дIадоккху. Кхерамаш а туьйсу полисхоша эцархошна, баттахь орчохь валлор ву бохуш.
Цхьа бутт хьалха полицин белхахоша «Лентана» бина го баьстинера, федералан кхерамазаллин сервисан (ФСБ) белхахоша шайца буй-тIарий динчул тIаьха.
Хаамийн гIирсашкахь цунах лаьцна хаамаш баьржинчул тIаьхьа юха а дIахIиттина полисхой.