Бакъо йоцуш доза хадорна Нохчийчохь чувоьллина Азербайджанан 3 вахархо
Талламхоша дийцарехь, бехке бинарш хьалхо арабаьхна хилла Оьрсийчуьра. Амма дукха хан ялале, цIераш а хийцина, юха а Оьрсийчоьнан Федерацин доза хадийна цара.
Кхуьа лаьцна хилла 2017-гIа шо чекхдолуш, Оьрсийчоьнан ФСБ-н Нохчийчухула йолчу дозанан урхалло, хаам бо "Кавказский узело", республикерчу прокуратурана тIе а тевжаш. Цо билгалдаккхарехь, зудчунна 4 бутт хан тоьхна, шина стагана тоьхна хIоранна 6 бутт.