Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Март
2018

Новости за 29.03.2018

Radiomarsho.com 

Аьттонашна еца гIала

Iамеркарчу консалтинган MERSER компанино довзийтина ша шарахь цкъа бечу талламех рогIерчун жамI: муьлхачу гIаланашкахь атта а, дика а ду адамна даха. Зийначу 230 сов гIаланах юха а, иссазлагIа, хьалхарчу метте яьлла Вена. ГIалин хьелех меттигерчу бахархошца цхьаьна пайдаоьцу цигахь вехачу нохчийн I6 эзар мухIажиро а. Венехь тоьлла болх бо, масала, транспорто. Трамвайшца, автобусашца лела ца луучунна, урамера схьа а эцна, долахь йолуш санна лело йиш ю машен…

Radiomarsho.com 

Соьлж-ГIалара ирсе нах

Соьлж-ГIалин бахархой уггаре а ирсе нах бу.  Ша бинчу талламан и жамIаш гIарадаьхна "Domofond" олучу аналитикин компанино. Шаьш бахархоша лаккхара мах хадийна боху цигахь, Соьлж-ГIаларчу некъашна а, машенаш дIахIиттайойлашна а, хьаша-да тIеэцарна а, шайн ирсан тIехсов лекха болчу барамна а. ХIара тайпа талламашкахь Соьлжа-ГIала а, Нохчийчоь а дуьххьара хьалхарчу меттигашка йолуш яц. ХIора шарахь аьлча санна, дIакхайкхадо иштта жамIаш. Мел бакъду аьлла хета шуна шаьш ма дийцара ирсе, аьлла хаттарш дира бахархошка Маршо радионо а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шляпа-Жимахверг дIахецна Красноярскерчу колонера

Красноярскерчу ИК-31 колонера дIахецна Гегечкори Руслан (Шляпа-Жимахверг). Цунах лаьцна боцца хаам бина криминалаца боьзначу нахах лаьцна яздечу primecrime интернетан портало.  Шляпа-Жимахволчуьнан цIе гIараелира цо Тыва-махкарчу набахтехь динарг бахьана долуш. Шен цуьхIаршца цхьана и тIелеттера набахтерчу маьждигна. Цу чохь ламаз дечу вайнахана а, дагестанхошна а йиттинера цуьнан тобано. И бахьаана долуш вен кхачийна ву иза «цIе лелачу» нохчаша а, дагестанхоша а. Бекхамна арабевлларш кхераме а лоруш... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Цхьайолчу пачхьалкхашкахь болх беш яц Telegram

Telegram мессенджер болх бечура сецна Оьрсийоьнан Европерчу декъехь а, Украинехь а, Белорусехь а, ткъа иштта Нидерландехь а, Италехь а Словакехь а. Цу кепара хаам баржийна Downdetector сервисо. Мессенджер кхоллархоша бакъдина Telegram-ан проблемаш хилар. Кхачамбацар дIадоккхуш ду шаьш аьлла, хаам баржийна цу компанино. ТIаьхьо Telegram кхоьллинчу Дуров Павела дIахьедар дина, хилларг ток дIаяларца доьзна ду аьлла. Оьрсийчоьнан Роскомнадзоро дIахьедар дина, шайн урхаллан бехке яц Telegram болх бечура сацарца аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Бакъо йоцуш доза хадорна Нохчийчохь чувоьллина Азербайджанан 3 вахархо

Соьлж-ГIаларчу Заводан кIоштан кхело колонехь баккха масийтта бутт хан кхайкхийна Азербайджанан кхаа махкачунна - цхьана зудчунна а, шина боьрша стагана а. Уьш бехке бина, низам а дохош, Оьрсийчоьнан доза хадорна. Талламхоша дийцарехь, бехке бинарш хьалхо арабаьхна хилла Оьрсийчуьра. Амма дукха хан ялале, цIераш а хийцина, юха а Оьрсийчоьнан Федерацин доза хадийна цара. Кхуьа лаьцна хилла 2017-гIа шо чекхдолуш, Оьрсийчоьнан ФСБ-н Нохчийчухула йолчу дозанан урхалло, хаам бо "Кавказский узело", республикерчу прокуратурана тIе а тевжаш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Видеокамерша дIаяздинчуьнга хьажа реза ца хилла Титиевн гIуллакх дIахьош волу талламхо

"Мемориалан" Нохчийчуьрчу декъан куьйгалхочуьнан Титиев Оюбан гIуллакх дIахьош волу талламхо реза хилла къасто полисхочунна гойла дарий цуьнан машена чохь хилла къомал бохург, амма цо юхатоьхна полицин декъахь йолу компьютерш зер. Царна тIехь видео хила езаш ю аьлла хета Титиевн адвокаташна, иза дIалоцуш яьккхина йолу. Цунах лаьцна хаам бина "Мемориал" центран векалша, яздо "Кавказский узело". Карарчу хенахь талламан изоляторехь волчу Титиевс чIагIдо, наркотикаш шен машенчу полисхоша кхиссина бохуш. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ГIалгIайчохь кхел йина телекомпанин хиллачу куьйгалхочунна

"Къилбаседакавказан телекомпанин" хиллачу куьйгалхочунна 4 шо арахь даккха хан тоьхна ГIалгIачуьрчу суьдо, хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза бехке вина регионерчу Iедалан хазнара ахча лечкъорна. Кхелехь гучудаьлларг ду, директоран даржехь волуш цу стага 7 миллион 600 эзар сом шен кисина диллина хилар. Кхело бинчу сацамца, цуьнан дезар ду ша дина зе буьззинчу барамехь меттахIотто.

Radiomarsho.com 

Саралиев: Дита деза Кемеровохь "нохчийн лар" лехар

Къаьмнашна юкъа гамо тийса гIертарна Кемеровохь яьгначу махбаран центран директор Судденок Надежда кхеле озаяйта дагахь ву Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат волу Саралиев Шамсаил, хаам бо Регнум агенталло. Цунна хетарехь, цу зудчо цIеялар хьокъехь далоча дешнашкахь гуш ду иза таллам дастамъяьллачу "нохчийн лоран" тIе хьажо гIерташ хилар. Цунах лаьцна Саралиевс яздина шен Telegram каналехь. Талламхошка дехар дина цо, Судденокана кхин цхьа бехктакхаман артикл (къаьмнашна юкъа гамо тийсар) а тIетоха аьлла.

Radiomarsho.com 

Кадыров Украинера пранкер лаха кийча хиларх лаьцна хаийтина Нохчийчохь

Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна карор ву Кемеровохь цIеяларх лаьцна харц хаамаш баржийна пранкер Вольнов Евгений (бакъйолу цIе Никита Кувиков). Цунах лаьцна  "Говорит Москва" радиокомпанин эфирехь дIахьедар дина Нохчийчоьнан къоман политикехула а, арахаьрчу уьйрашкахула а, зорбанан а, информацин а министро Умаров Джамбулата. "Нагахь цу тайпа Iедалан декхар цунна (Кадыровна) тIе диллахь, "Рамзан Ахматовича иза кхочуш дийр ду вуно лерина, ткъа Оьрсийчоьнан мостагIаша таIзар ловр ду", - даладо Умаровн дешнаш РИА Новости агенталло. Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *