Москох цIеяьлла "Персей для детей" махбаран центрехь
Москох малхбалехь йогуш ю "Персей для детей" махбаран центр. Оьрсийчуьрчу хаамийн агенталлаш хаам барехь, масийтта стаг вагийна а, лазийна а ву.
Чолхе хиларан лакхара тIегIа хIоттийна цIеяларна. «Интерфаксо» дийцарехь, йогучу гIишлона чохь хилла 300 гергга бераш а, баккхийнаш а. Уьш берш арабаьхна.
ТIаьххьара болчу хаамца, цIеяьлла цхьацца сурсаташ латточу чохь.