Iамеркехь YuoTube-на бекхам беш герз диттина зудчо
![Iамеркехь YuoTube-на бекхам беш герз диттина зудчо](https://gdb.rferl.org/4DF71B4D-CF7B-41EF-85E4-BFC7AE80E765_w800_h450.jpg)
Iамеркерчу Сан-Бруно гIалан полицино хаам бина, YouTube-ан офисехь герз диттина кхо стаг лазийна аьлла. Иза динарг ю 39 шо долу гIажаройн къомах йолу Iамеркахо Агдам Насим. Иза ша шена тоьхна елла.
Iамеркерчу зорбанан гIирсаш дийцарехь, Агдаман хилла масийтта YouTube-канал. Амма шега хьожуш баш дукха нах ца хиларан бух тIехь коьртана галъяьлла хилла видеоблогер. Цу зудчунна моьттуш хилла цунна бехке YouTube видеохIостинг ю.
Карарчу хенахь ерриг а Агдаман социалан машанашкахь йолу аккаунташ дIакъевлина ю.