Telegram дIачIагIар дехна Роскомнадзоро
ДIадаханчу кхаарин дийнахь чекхяьллера Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIадала Telegram-на Роскомнадзоро тоьхна хан.
Оццу дийнахь ФСБ-н куьйгалхочо Бортников Александара дIахьедар дира, Оьрсийчохь 2017-чу шарахь йина а, юкъахъяьхна а теракташ кечйеш пайда эцна мессенджерех аьлла.
Шен агIор и декхар тIедиллар кхочуш далур дац аьлла, жоп деллера Telegram-ан куьйгалло.