Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2018

Новости за 06.04.2018

Radiomarsho.com 

Цицулаевн гIуллакхехула лаьцна ву 9 стаг

Пресненски суьдо Стигалкъекъа-беттан 11-гIа де тIекхаччалц талламан изоляторехь вита сацам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Украинехь векал хилла Цицулаев Рамзан.  Кхелахь вистхиллачу талламхочо хаам бина, Цицулаев воцург иза бехкевечу гIуллакхехула лаьцна кхин а 9 стаг ву аьлла. Царна юкъахь ву бизнесхо Новиков Андрей а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу кхерамазаллан коьртачу урхаллан белхахо хилла Мародмамадов Алишер а, Москох криминалан талламан (МУР) 16 декъан 3 белхахо а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Хьалха нус марненах берашка дIахьажа а ца яьхьара"

Кху деношкахь Шелан кIоштахь меттигера цхьа яхархо хьокъехь таллам болийна меттигерчу прокуратуро. Иза бехке еш ю шен мера кхо бер етташ хьийзорна. Талламо хIинцале къастийна царна тIехь цо къизалла лелийна хилар. И бахьана долуш и  28 шо долу зуда "Iазап дар" олучучу артиклца жоьпе озор йолуш ю. Базаева Липхана куьйгалла дон "Зударий кхиорехьа» юкъаралла ю иштта долу гIуллакхаш, девне а ца довлуьйтуш, машарца дерзо гIерташ болх беш. Наггахь шайн гIуллакх хуьлу боху цо барт бан я кхето, амма тIаьхьарчу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Британин лоьраш: Скрипалан могушалла меттахIотта йолаелла

Британин Солсбери гIалахь дIаьвшен тIелатар лайна Скрипаль Сергейна лоьраша лелочу дарбано жамIаш деана, аьлла дIахьедар дина иза Iуьллуш волчу клиникан директоро, хаам бо ББС-но. Цо яздарехь, Скрипалана гIоле хуьлуш ю. Цо дикачу агIор реаки йо, лоьраша лелочу дарбанна, хIинца цуьнан хьал цу бесса доьхна дац, аьлла Солсберин дарбанан хIусаман медицинан декъан директоро Бланшард Кристинас. Хьалхо метта еана толуш ю Скрипалан йоI Юлия а.

Radiomarsho.com 

Нохчийн спортхой-рекордсменаш

Дуьненаюкъарачу Спортан Дийнахь Маршо Радионо карлайоху нохчийн къам спортехь сийлаллин дарже кхачийна цIерш Массарел лекха спортхо Ахтаев Увайс, баскетболхо, вина 1930 шарахь Шуьйтан кIоштарчу Вашандарахь. Юьхьанца Увайса ша зийра 1946-чу шарахь Львовехь хиллачу институтийн, техникумийн спартакиадехь диск кхуссуш. Амма рогIерчу шарахь иза вахара ша доьшучу Алма-Атара Ленинградерчу спартакиаде баскетболхо санна. Шен заманахь Советан пачхьалкхехь уггаре лекха спортхо вара Увайс - 2 метр 36 сантиметр. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Оьрсийчуьра тIом бан боьлху нах Шема дIакхачоран кеп гучуяьлла Reuters агенталлана

Reuters агенталлана гучуяьлла Оьрсийчуьра мехах тIом бан боьлху нах Шема пачхьалкха дIакхачоран кеп. Уьш кеманан рейсаш ю Ростохара Димашке а, Латакия а еш йолу. Цу балхана юкъаозийна ю Cham Wings олу Шемара долара авиакомпани. И рейсаш къайлаха еш ю. Амма Reuters тидаме эцарехь, 2017-гIа шо доладелчхьана Cham Wings-о Димашкара а, Латакияра а Ростох а юха а йина 51 рейс. ХIоразза а цу Iалашонна пайда эцна 180 некъахо чутарлучу Airbus A320 олучу кеманех. ТIеман кеманаш лелош хилла, берш а мехах... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамерко санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу бизнесхошна а, Iедалхошна а, компанешна а

Iамеркан финансийн министралло санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу 38 бизнесхочунна а, Iедалхочунна а, компанешна а дуьхьал. И документ зорбане даьлла цу министраллан сайта тIехь. Санкцеш кхайкхийначу нахана юкъахь бу Кремлца гергарло долу бизнесхой Дерипаска Олег а, Шамалов Кирилл а, Вексельберг Виктор а, Ротенберг Игорь а, кхиберш а. Санкцешна кIелвахана Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Колокольцев Владимир а, Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а, Роскомнадзоран куьйгалхо Жаров Александр а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Муцураевн кхолларалла хазахета зуда жоьпе озийна Нохчийчохь

Нохчийчоьнан яхархо жоьпе озийна прокуратуран белхахоша интернетехь Муцураев Тимуран эшарш яржорна, хаам бо Кавказский узело". Оьрсийчохь а вевзаш волчу бардан кхолларалле безам хиларна рогIера бекхам хилларг мила ю дуьйцуш дац. Муцураевн эшарш хазахеташ дукха нах хилар гойту хIора баттахь цуьнан кхолларалла яржийнчарна таIзарш деш хиларна. Амма цуьнга хьаьжна доцуш, цуьнан аз декаш ду Нохчийчоьхь, тоьшалла до бахархоша.

Radiomarsho.com 

"Йоккха топ кхоссаран говзанча - 2018" хоржур ву Ставропольехь

Йоккха топ кхоссаран говзанча хоржур ву Ставрополан махкарчу тIеман полигонехь. И къовсам вовшахтоьхнарг бу Къилбан тIеман го. Къовсадаларш хир ду кху беттан 9-13 деношкахь. Цу мероприятехь дакъалоцуш бу Iабржачу хIордан а, ГIажарийн хIордан а эскархой а, ткъа иштта Эрмалойчохь а, Абхазехь а йолчу Оьрсийчоьн тIеман базийн эскархой а, ткъа иштта Нохчийчохь а, Ростох кIоштахь а, Ставрополан махкахь а дIатрдинчу эскаран дакъошкахь гIуллакх деш болу салтий а, эпсарш а.

Radiomarsho.com 

Telegram дIачIагIар дехна Роскомнадзоро

Telegram дIачIагIар доьхуш иск кховзийна суьде Роскомнадзоро. Цунах лаьцна хаам бина пIераскан дийнахь цу урхаллан зорбанан сервисо. "Интерфакс" агенталло билгалдаккхарехь, иза дина Роскомнадзоро Федералан кхерамазаллин сервисан дехарца. ДIадаханчу кхаарин дийнахь чекхяьллера Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIадала Telegram-на Роскомнадзоро тоьхна хан. Оццу дийнахь ФСБ-н куьйгалхочо Бортников Александара дIахьедар дира, Оьрсийчохь 2017-чу шарахь йина а, юкъахъяьхна а теракташ кечйеш пайда эцна мессенджерех аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыровн хиллачу векало чохь йоккху хан яхйина кхело

Пресненски суьдо Стигалкъекъа-беттан 11-гIа де тIекхаччалц талламан изоляторехь вита сацам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан Украинехь векал хилла Цуцулаев Рамзан. Иштта сацам бинарг ю суьдхо Авдотьина Александра, хаам бо РИА Новости агенталло. Цуцулаев бехке веш ву 4 зулам деш дакъалацарна. Царна юкъахь ду Iедалан векална ницкъ бар а, бозбунчалла лелор а, адам лачкъор а, ницкъ а беш, ахча даккха гIортар а. Цуцулаев лаьцна латтош ву Москох. Иза воцург цу бехктакхаман гIуллакхана юкъахь ву верриг а 9 стаг. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Хиина Скрипалан дийнатийн кхоллам

Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн Коьртачу талламан урхаллан хилла волчу эпсаран Скрипаль Сергейн хIусамехь хьогалла елла ши кейви (хIордан хьакха, оьпанах тера дийнат), ткъа цицигана лен молха мало дезна дийнатийн лоьран.   Цунах лаьцна хаам бина Британерчу The Mirror гезото. Цо яздарехь, ветеринаран цу хIусаманна чу ваха аьтто баьлла Скрипаль а, цуьнан йоI а кхетамчуьра даьллачул тIаьхьа масех де даьлча, и цIа полицино, мухIар а таIийна, къевлина хиларна. Цу чохь карийна лоьрана елла ши хIордан хьакха а... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *