Хиина Скрипалан дийнатийн кхоллам
Цунах лаьцна хаам бина Британерчу The Mirror гезото. Цо яздарехь, ветеринаран цу хIусаманна чу ваха аьтто баьлла Скрипаль а, цуьнан йоI а кхетамчуьра даьллачул тIаьхьа масех де даьлча, и цIа полицино, мухIар а таIийна, къевлина хиларна.
Цу чохь карийна лоьрана елла ши хIордан хьакха а, вуно вочу хьолехь долу Iаьржа гӀажарийн цициг а.
Цициг Портон-Даунерчу лабараторе дигна хилла, цул тIаьхьа лен молха малийна цунна.
Деллачу дийнаташна кремаци йина, хаам бо The Mirror.