Цицулаевн гIуллакхехула лаьцна ву 9 стаг
Кхелахь вистхиллачу талламхочо хаам бина, Цицулаев воцург иза бехкевечу гIуллакхехула лаьцна кхин а 9 стаг ву аьлла. Царна юкъахь ву бизнесхо Новиков Андрей а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу кхерамазаллан коьртачу урхаллан белхахо хилла Мародмамадов Алишер а, Москох криминалан талламан (МУР) 16 декъан 3 белхахо а.
Цара, лачкъа а вина, 100 миллион сом даккха гIерташ хьийзийна финансист Закриев Iела. Иза хилла 2014-чу шарахь. Цу хенахь Цицулаев вара Кадыровн Украинера векал. Закриевгара ахча доккхучу операцина иза юкъавахана хилла, Новиковн дехарца, Москох бехачу нохчашна юкъахь лоруш волу стаг санна. Ткъа цо тIеозийна шена бевза полисхой а, шен накъостий а.