Iамерко санкцеш кхайкхийна Оьрсийчуьрчу бизнесхошна а, Iедалхошна а, компанешна а
Санкцеш кхайкхийначу нахана юкъахь бу Кремлца гергарло долу бизнесхой Дерипаска Олег а, Шамалов Кирилл а, Вексельберг Виктор а, Ротенберг Игорь а, кхиберш а.
Санкцешна кIелвахана Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Колокольцев Владимир а, Росгвардин куьйгалхо Золотов Виктор а, Роскомнадзоран куьйгалхо Жаров Александр а, ВТБ банкан куьйгалхо Костин Андрей а, "Газпроман" куьйгалхо Миллер Алексей а.