Серло эшахь а, Iалам хIаллакдарна дуьхьал ду адам
Гуьржийчоьнан цхьайолчу регионашкахь бахархой дуьхьалбевлла шайн меттигашкахь гидроэлектростанцеш ца йойтуш. Iедало цигахь къепе хIотто полицин тобанаш а яхийтинера. Иштта, ПIаьнказехь нохчий бехачу меттигехь а ян лерина ю ши ГЭС. Цунна дуьхьалбевллера бахархой. Шайн митингехь реза цахилар дIахаийтинера цара
Цигахь долчу хьолах дийцира кистойн журналиста Бордзгор Сулхана: «Оцу Панкисехь а, Сванетехь а лаьтта хьал и ГЭСаш ца яйта ду. Цигахь хилла а ца Iа иза. Цул сов, Рача олучу меттехьа дерриге а адам дуьхьалдаьлла ду. Ерриге Гуьржийчохь а ю и дуьхьалонан акцеш. Панкисехь и ГЭС йойтур яц аьлла сацам хилла. Иштта цунна дуьхьалбевлла болх беш бу-кх».
Масийтта шо хьалха Нохчийчохь а жигара дуьйцуш дара ламанца гидроэлектростанцеш яхка еза бохуш. Къаьсттина дуьйцуш дерг дара Органан чIож. Цигахь цхьамогIа вовшашна гена а йоцуш хи тIехь ток йоккху станцеш ян Iалашо яра.
Амма иза а кхочуш ца дира.Нохчийчуьрчу Iедало уьш цаяйтар ша къобалдеш хIума ду аьлла дийцира махкахь вевзачу бакъонашларъярхочо Байсаев Iусама. Шен говзаллица иза гидротехник ву.
Шена хаьа боху цо, оцу ГЭС-ех болу пайда, хуьлучу зенел кIезиг буй: «Нохчийчуьра Органан чIожехь гидростанцеш ян Iалашо ю аьлла къамелаш дуьйладелира-кх цхьана хенахь. ЧIогIа сагатдеш, терго еш вара со цунна. Далла бу хастам, Нохчийчуьрчу Iедало и Iалашонаш дIатеттина. Кхетта моьтту суна, цуьнах хуьлуш болу пайда, хинболчу эшаме хьаьжча, пайда боцийла».
ГЭС-ш ца яхь, кхечу агIор ток йоккхург ян лерина дара меттигера Iедал. СаIудийн Iаьрбичуьра веанчу Iабдул-Iазиз бин Турки бин Талала аль СаIуди шейха, шен долахь йолчу Белгерчу компанино йийр ю аьллера 10 сов атоман электростанци.
Иза а тIе ца дитира Нохчийчуьрчу Iедало. ГЭC-ан а, атоман а станцешна метта Соьлж-ГIалиy йистехь еш ю йовхонах ток йоккху станци. Цуьнан ницкъ мел лаххара а 440 Мвт хир бу аьлла дIакхайкхийна. Кху шарахь аьхка йина яла езаш ю иза.