Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2018

Новости за 02.04.2018

Radiomarsho.com 

Нохчех лаьцна яздина блоггер Миро бехке йина фашистийн ойланаш хиларна

LiveJournal-ан девне блоггер Миро Лена фашистийн ойланаш йолуш хила мега аьлла, шек бевлла цуьнан «кхолларалла» йоьшуш болу нах, яздо 24smi.org сайто. Бахьана ду цу зудчо LiveJournal-хь шен агIонехь дитина йоза. Шен постехь авторо хьехар дина Нохчийчуьрчу бахархошна Москох ма гIерта аьлла. Блоггера шега кехат яздинера боху Нохчийчуьрчу 44 шо долчу зудчо. И кехет дешча шен кхоллаелла ойла юьйцу жимачу зудчо. Миро-на хетарехь, Нохчийчуьра зудчунна тIе тидам гIур бу полицин а, гонах болчу болчу нехан а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Серло эшахь а, Iалам хIаллакдарна дуьхьал ду адам

Гуьржийчоьнан цхьайолчу регионашкахь бахархой дуьхьалбевлла шайн меттигашкахь гидроэлектростанцеш ца йойтуш. Iедало цигахь къепе хIотто полицин тобанаш а яхийтинера. Иштта, ПIаьнказехь нохчий бехачу меттигехь а ян лерина ю ши ГЭС. Цунна дуьхьалбевллера бахархой. Шайн митингехь реза цахилар дIахаийтинера цара Цигахь долчу хьолах дийцира кистойн журналиста Бордзгор Сулхана: «Оцу Панкисехь а, Сванетехь а лаьтта хьал и ГЭСаш ца яйта ду. Цигахь хилла а ца Iа иза. Цул сов, Рача олучу меттехьа дерриге а адам дуьхьалдаьлла ду. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

"Азимуто" кема хецна Петарбухера Соьлж-ГIала

Ростохара «Азимут» компанино керла авиарейс схьайиллина кху беттан 1-чу дийнахь Петарбухера Соьлж-ГIала. Цунах лаьцна оршотан дийнахь хаам бина «Пулково» аэропортан зорбанан сервисо, яздо Петарбухерчу abnews.ru зорбанан гIирсо. Петарбухана а, Соьлж-ГIалана а юкъахь SSJ100 (Суперджет 100) кема лелар ду хIора оршотан а, кхаарин а, пIераскан а, кIинан а деношкахь.

Radiomarsho.com 

Шина шарахь девзиг хьоькхур ду Нохчийчуьрчу тIеман харц ветерано

Петарбухерчу Петроградан кIоштан кхело шина шаранна товен гӀуллакхаш дан хьажийна бозбунчалла лелийна меттигера вахархо Козлов Константин, яздо 78.ru сайто. Нохчийчохь тIом бина волу ша, хIинца цамгарш ловш ву бохуш, шех къахетийта гIерташ истореш язйеш хилла цо «Лепрозориум.ру» сайта тIехь. РогIера бохаман историна кIеллахь шен банкан чоьтан номер а язйеш хилла Козловс, луучунна ахчаннанца шена гIо дайта. Цу кепара 5 стаг Iехо аьтто баьлла хӀилланчан. Дерриг цу кепара цо лахьйинарг ду 32 эзар 500 сом. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Telegram-н куьйгалло жоп делла Роскомнадзоро кхерам тасарна

Роскомнадзоро, низамо бохург кхочуш а дина, 15 де далале Федералан кхерамазаллин сервисе шифран догIанаш дIало аьлла декхар тIедиллар кхочуш далур долуш дац аьлла, жоп телла Telegram-ан куьйгалло. И жоп шен телеграм-каналехь зорбане даьккхина «Агора» дуьненаюкъарчу адвокатийн тобанан гIантдас Чиков Павела.   Telegram-ан векалша дийцарехь, цу меcсенджеран балхана юкъагIерта аьтто бац техникан бахьанашца. ДIабаханчу баттахь Роскомнадзоро 15 де деллера Telegram-на, низамо бохург кхочуш а дина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

The New York Times: Скрипалан дIаьвшен тIелетар дина химин говзанчо

Британерчу Солсбери гIалахь Оьрсийчоьнан тIеман ницкъийн коьртачу штабан коьртачу талламан урхаллан полковник хиллачу Скрипаль Сергейна дIовш даларо гойту иза динарг химин говзанча хилар. Цунах лаьцна яздина The New York Times газето, эксперташна, тIе а тевжаш.   Талламхошна хетарехь, дIовш хьаькхна хила мега Скрипалан хIусаман неIаран тIома тIе. Скрипаль дIабаханчу баттахь дIакхачийнера дарбанан цIийне, Солсбери гIалахь махбаран центран уллехь цунна во хиллачул тIаьхьа. Цуьнца цхьаьна клинике охьайиллина ю цуьнан йоI Юлия а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

ЦӀеяйархойн Iамораш дIадаьхьна Соьлж-ГIалахь

Дукха а адамаш гуллучу меттигашкахь цIеяйархойн Iамораш дIахьош ду Нохчийчуохь. Коьртачу декъана тидаме эцнарш ю махбаран а, садаIаран центраш. Соьлж-ГIалахь Грозный-ситехь, хьалххе кхайкхийна а доцуш, кIур болург а кхоьссина, адам сихонца ара а даьккхина, Iамораш дIадаьхьна чолхечу хьолан министраллан Нохчийчуьрчу урхалло. ЦIеяйархой масех минотехь цига кхачар дика лаьрра куьйгалхоша. Нохчийчуьрчу ерриг а кIошташкахь Iамораш дIадахьа долийна Кемеровохь садаIаран центрехь цIе яьлла, 64 стаг а леш, бохам хиллачул тIаьхьа.

Radiomarsho.com 

Суворовн цIарахчу доьшаллин куьйгалхо даржах вохийна Соьлж-ГIалахь

Соьлж-ГIаларчу Суворовн олучу доьшийлан куьйгалхо дIаваьккхина балхара. Болчу хаамца, ахчанца хьарамлонаш лелийна хилла цо. Оцу дарже хIоттийна циггехь болх беш волу кхин эпсар. ДIаваьккхинчунна хIун таIзар дина хууш дац. Соьлж-ГIалахь Суворовн доьшийла схьайиллира 2008 шарахь. Цигахь доьшуш ву 150 курсант. Кхаа шарахь дешначул тIаьхьа церан аьтто бо Оьрсийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхан министраллан лаккхарчу доьшийлашка баха.

Radiomarsho.com 

Гуьржийчуьрчу Сванетехь некъ къевлина меттигерчу масийтта эвлан бахархоша

Гуьржийчуьрчу Сванетехь Местиа-Чала боьду некъ къевлина меттигерчу масийтта эвларчу бахархоша, цу эвлан йистехь хица ток йоккху станци йилла гIертарна духьало еш. Цу акцин декъашхоша дIахьедарш до, "Местиа-Чала" станцино хIаллакйир ю туристин регионан экологи бохуш. Iедалша цу метте хьажийна чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан леррина полицин тоба. Амма цкъачунна уьш ца хIуьтту ницкъах пайда эца. Зазадоккху-беттан 25-чу дийнахь ПIаьнгаз чIожера бахархой арабевллера митинге, Баркиани олучу нохчий... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Китайн дуьххьарлера космосан станци "Тяньгун" яьгна хIаваэхь

"Тяньгун" (Стигалан гIала-цIа) Китайн дуьххьарлера космосан станци яьгна хIаваэхь Тийначу хIорда тIехула. Цунах лаьцна хаам бина Китайн космосан агенталло. Вийна а лазийна а стаг вац. Хьалхо Китайн говзанчаша хааам бинера, 8 тонн йолу и станци орбитах яла езаш ю Зазадоккху-чу беттан 31 дийнахь дуьйна Охан-беттан 4-гIа де тIекхачале юкъана аьлла. Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздора цуьнан дакъош Дагестанан территори тIе охьаэга мега бохуш. Таханлерчу денна космосера чуеанчу объектех уггаре... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *