Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer

Европера нохчийн студенташ гуллур бу доттагIаллин гуонехь

ХIора шарахь хилла ца Iаш, даим а керлачу семестрица алсам долуш ду Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу университеташкахь а, институташкахь а доьшучу нохчийн студентийн терахь. Шаьш бол-болчу мехкашкахь тобанаш а, юкъараллин цхьаьнакхетараллаш а кхоьллинера хIинцалц схьа нохчийн студенташа.


Иштта, масала, Белгехь масех шо а ду нохчийн студентийн тоба кхоллаелла. ХIора шарахь цхьаьна а кхеташ, доьшучу кегирхойн самукъадаккхаран белхаш а беш, схьабогIуш бара уьш.


Австрехь а кхоьллина нохчийн студенташа дахначу шарахь шайн цхьаьнакхетаралла. "Серло" цIе йолчу цу тобанехь хIинцале а бIе герга стаг ву. Цара а иштта сих-сиха студенташ вовшашна бовзийтарна а, тIекхуьучу чкъурана лакхарчу дешаршкахь доьшучу кхиамечу кегирхойх дика масала хилийтарна хьажийна белхаш бо.


Кху шарахь Европерчу нохчийн студенташна юккъерчу жигархоша сацам бина, тайп-тайпанчу  пачхьалкхашкарчу доьшучийн цхьаьнакхетар дIадахьа, юкъараллин болам я цхьаьнакхетаралла кхолларца нохчийн кхиаме кегирхойн потенциал гуш хилийта а. Дозанаш а ца лоруш къоначарна вовший бовзийта а.


Цу Iалашонца Охан-беттан 14-чохь Белгерчу Вьерве гIалахь дIахьур ду Малхбузерчу пачхьалкхашкарчу нохчийн студентийн цхьаьнакхетар. Германера а,  Британера а, Францера а, Нидерландашкара а, ша Белгера а университеташкахь а, институташкахь а доьшуш болу нохчийн кегирхой бу цигахь гуллур болуш.


Австрерчу "Серло" цхьаьнакхетараллера делегаци а ю студентийн форуме йоьдуш, цуьнан куьйгалхойх цхьаъ йолчу Кушалиева Таисас Маршо Радионе ма-дийцара: "Нохчийн студентийн цхьаьнакхетар ду Белгехь дIахьур долуш. Цига богIуш Германера, Британера, Францера студенташ бу. Австрехь тхан студентийн тоба ю "Серло" цIе а йолуш. Тхо, цу тобан декъашхой, вовшах а кхетта Белгерчу гуламе доьлхуш ду. Нохчийн студенташ буйла хаийтар а, вовшашна массо а бовзийтар а ю цу цхьаьнакхетаран Iалашо".


Цхьаьнакхетаран программехь нохчийн къоман културах а, исторех лаьцна презентацеш а, концерт а, къоман хелхарш а ду.


Цул совнаха, гуллуш берш интеллуктуалаш хиларх терра, цара вовшашца хаарш а къовсур ду тайп-тайпанчу викторинашкахь а, квизашкахь а.

Читайте на сайте


Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *