Мы в Telegram
Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2018

Новости за 10.04.2018

Radiomarsho.com 

Европера нохчийн студенташ гуллур бу доттагIаллин гуонехь

ХIора шарахь хилла ца Iаш, даим а керлачу семестрица алсам долуш ду Европерчу тайп-тайпанчу пачхьалкхашкарчу университеташкахь а, институташкахь а доьшучу нохчийн студентийн терахь. Шаьш бол-болчу мехкашкахь тобанаш а, юкъараллин цхьаьнакхетараллаш а кхоьллинера хIинцалц схьа нохчийн студенташа. Иштта, масала, Белгехь масех шо а ду нохчийн студентийн тоба кхоллаелла. ХIора шарахь цхьаьна а кхеташ, доьшучу кегирхойн самукъадаккхаран белхаш а беш, схьабогIуш бара уьш. Австрехь а кхоьллина нохчийн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамеркахо Хендрик Майкл: "Нохчийчу вахар кхераме дац..."

Нохчийчохь ши де а даьккхина, дIавахна Швейцарера гIаш некъ беш волу турист Витте Бен. Некъа йистехь гIудалкх а такхийна воьду иза, нохчаша шаьш долчу чукхойкхуш, буьйса яккха бохуш, новкъарло йо шена бохуш, забаренна санна, арз дина цо меттигерачу бахархошка. Нохчийчохь санна шена ахча кховдийна пачхьалкх яц аьлла цо. Цхьа а буьйса нехан чохь ца яккха нигат а дина ву и жима стаг. Буьйса шеца цхьана лелочу четар чохь йоккху цо. Нохчийчура иза Дагестане а вахна, цигара  Казахстане, Туркмени, ГIажарийчу, Иракъе, Шема а кхочур ву. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Юха а луьтту Iедало Соьлжа-ГIалара косметологин салонаш

Роспотребнадзорца а, УБЭП-ца а, юкъараллан, экономикан кхерамзаллан Кхеташонца а цхьанакхетар хилла махкарчу могушаллин министраллан. Кхеташонехь дийцаредина лицензеш а йоцуш республикехь болх бечу косметологин центрех. ТIаьххьарчу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу салонашкахь талламаш дIабаьхьна, цара лун таронаш лицензешца йогIуш юй хьовсуш. Могушаллин министро дIахьедина, гергарчу заманчохь Соьлжа-ГIалахь лерина клиника схьайоьллур йолуш хиларх, низамаша ма хьоьхху, болх а беш. Иштта карладаьккхина гулбеллачара... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь пурстоьпаша 113 миллион сом схьадаьккхина бахархошкара

Нохчийчуьрчу кхелан пурстоьпаша тIаьххьарчу кхаа баттахь 113 миллион бахархоша тIехьерчийна декхарш схьадаьхна.Шо доладелчхьана кхелан пурстоьпийн урхалло шен чоьте эцнера 140 эзар нуьцкъаша ахча схьадаккха билгалбевлла бахарахой. Царех 37-ммо декхар текхна. Доккхачу декъанна пачхьалкхан декхарш хьаьрчинера бахархойх дIаяла еза ял а, административан гIуданаш а бахьана долуш.

Radiomarsho.com 

Iарбойн Цхьанатоьхначу Эмираташка кема гIоттур ду Соьлжа-ГIалара

Карарчу беттан 20-чохь Air Arabia авиакомпанино Соьлжа-ГIалара Шарджу кеманца рейс йоьллур ю. Социалан машанерчу шен аккаунтехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бина и хаам. "Iаламат доккха хазахетар ду сан шуьга. Цхьанатоьхначу Iарбойн цхьахйолчу эмирате кхачор ду шу 20-чу дийнахь аьттонаш болчу кеманашца. Цигара дIа гена яц Дубай а, Абу-Даби а, ишта кхи йолу Гергарчу Малхбален пачхьалкхаш а. Цул совнах аьтто болуш ду Юккъерчу Азин, Малайзин, Индонезин мехкашка кхача а", - яздо Кадыровс. Нохчийчоьнан Iедалхой тешна бу... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Лавров: Оьрсийчоьно ша толлур ду Шемахь химин герз лелор

Химин герз дихкинчу организацин эксперташ (ОЗХО) Шемарчу Дума  гIаличу бахийта гIерта Оьрсийчоь. Хетарехь, цигахь дина химица тIелатар. Арахьарчу гIуллакхийн министро Лавров Сергейс журналисташка дина и дIахьедар шинаридийнахь. Шеман эскархойн карахь ю гIала, цундела бохийла дац организацин эксперташа шайна кхераме ду цигахь хилар бохуш, чIагIдо Лавровс. Министро бахарехь, Думехь химин герз лелор таллархьама шаьш хIоттийна резолюцин проект кховдор ю Кхерамзаллан Кхеташоне шинаридийнахь Оьрсийчоьно. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Москохарчу биржехь соьман мах охьабаьлла

Москохарчу биржехь шинаридийнахь соьман мах цIеххьашха боьжна. Шина соьме гергга хьалабаьлла еврон а, долларан а мах. Дуьххьара кху тIаьххьарчу шина шерачохь 77 соьмо тIехбаьлла еврон мах, ткъа 2016-чу шеран чакхенера дуьйна доллар 62 соьме кхиира. Оршотдийнахь дуьйнна дайдала доладелла оьрсийн сом, Вашингтоно цхьайолчу компанешна а, Оьрсийчоьнан бахархошна а санкцеш тохарца. Кремл Iамеркан президентан харжамашна юкъагIортарна дуьхьалъяьхна и санкцеш. Москохан биржехь оршотдийнахь чухаьрцира котировкаш а, индексаш а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Роналдос декъалвина Нурмагомедов толам баккхарца

"Матч ТВ" телеканалехь ийначу латарийн стилехь волчу латархочо Нурмагомедов Хьабиба дийцина, Мадридан "Реалан" футболисто Роналду Криштиана UFC чемпионатехь лата волавалале а, толам баьккхинчул тIаьхьа а телефонехула хаам баийтинера шега аьлла. "Латар хир долуш дуй аьлла, хоттуш яздира цо соьга юьхьанца. Цул тIаьхьа: "Со воккхаве хьо чемпион ваьлла" аьлла а яздира Роналдос соьга", - аьлла Нурмагомедовс. Оьрсийчуьра ММА-н латархо Нурмагомедов Хьабиб чемпион хIоьттина UFC (Ultimate Fighting Championship)... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Курорташ яцахь а, бIаьргана гуччохь

Кремлехь тийна-таьIIина боьдучу къовсамо хIун дохьу Къилбаседа Кавказна РогIера скандал иккхина "Къилбаседа Кавказан курорташ" цIе йолчу корпорацехь . 2015-чу шарахь цигахь лачкъийна Iедалан бюджетах долу 3,2 млн сом, боху прокуратурораша. Дина зулам, прокуратурано дийцарехь, иштта ду: корпорацино ша йинчу харжашна тIейиллина ял ю схьаоьцург, аьлла, Iедалера ахча даьккхина, ткъа харжаш йина а ца хилла. Амма "Къилбаседа Кавказан курорташна" гIшлош еш къахьегначу "Хаза мохк" ("Красивая страна")... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Пхи седа болу хьешан цIа делла кечлуш ю Соьлжа-ГIала

Соьлжа-ГIалахь схьаделла кечам бечу пхи седа болчу "The Local"  хьешан цIийнехь болх бан персонал ю вовшахтухуш, тIейогIучу хенахь оцу бизнесехь болх бан Iамор а болуш. "The Local" отел чохь хир ю 90 чоь, ресторанаш, конференц-холлаш. Иштта хир ю къевлина бассейн, спортан чоьнаш, СПА-центраш. Мисарара йогIу футболан тоба ю дуьххьара цу хIусаме юсу ерг. Матчашна кечамаш бийр бу футболисташа "Ахмат-Арена" стадионехь. Меттигерчу Iедалша бахарехь, "The Local" хьешан цIа инвестицин проект ю. И еш юкъадахана лору 2 миллиард сом. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Iамерко тоьхначу санкцеша даккхий зенаш дина Оьрсийчуьрчу хьоладайшна

Iамерко дуьхьалъяьхна керла санкцеш бахьана долуш оьрсийн 50 хьоладайн бахам 12 миллиардна лахбелла. "Форбс" журнало бо и хаам, тIаьххьарчу дийнахь, бусий хIоттийна таблица шайн сайтехь зорбане а йоккхуш. Цхьа миллиард долларна зен хилла санкцийн тептаре ваьккхинчу бизнесхочунна Дерипаска Олегна. Оццул бохург санна иэшам хилла цуьнан "Норильскан никелехула" волчу партнерна Потанин Владимирна. Миллиард долларшна лахделла Вексельберг Викторан хьал. Даккхий финансийн зенаш лайна Керимов Сулеймана а... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Скрипаль Юлия дарбан хIусамера араяьлла

Нерван, паралитикан дIовш даьлла Британин Солсбери гIаларчу дарбан цIийнехь могушалла метта а ялийна, араяьлла Скрипаль Юлия. Британин хаамийн гIирсаша бо и хаам, шайн хьосташна тIе а тевжаш. Официалехь тIечIагIйина яц и информаци. Sky News телеканало дийцарехь, оршотдийнахь араяьккхина хила тарло Скрипаль. Би-би-си-на хетарехь, цуьнан кхерамзалла ларъеш кхечу лазартне йигинчух тера ду. Шинарийдийнахь Скрипаль Юлерчу хьолах лерина хаам бу бан безаш лоьраша. Байначу беттан 4-чохь дIавш даьлла... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Мила ву имам Цечоев вейта гIоьртинарг?

Бзаров Аслан Талламо бахарехь, Нохчийчуьрчу вахархочунна 30 эзар доллар луш хилла цо гIалгIайн Iеламча вехь ГIалгIайн салафийа-Iеламча Цечоев Iиса вен гIортарна бехкевина Соьлж-ГIалара Аптаев Рустам. РогIехь хаттар хIоьттина талламна хьалха: мила хила тарло Аптаев стаг вен араваьккхинарг? Тидаме ца эцча ца бовлу низамхой кхелехь ша Аптаевс шега зулам дайтинарг Пачхьалкхан Думера Нохчийчоьнан депутат Делимханов Адам ву алар. 37 шо долу Аптаев лурчаха Несарна гергарчу Iали-Юьртахь, маьждигна гергахь лецира меттигерчу бахархоша. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ан-148 кема доьжначу меттигехь юха а талламаш болийна

Орцан министраллан белхахоша шинарийдийнахь юха а талламаш болийна "Саратовн авиалинийн" Ан-148 кема доьжначу меттигехь. ТАСС агенталло бо и хаам. Оршотдийнахь доьхначу кеманчохь хиллачу цхьаннан йоIа Синицына Юлияс "Медузе" дийцина, кема доьжна ши бутт баьллачул тIаьхьа шена цигахь беллачийн дегIан меженаш керийна хиларх, цига зезагаш дахка ша еача. Талламан комитете хаамбина Синицынас, амма хIетте а кема доьжна зона гуоне ца лаьцна хIинца а. Иштта оршотдийнахь Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире видеокхайкхам бина цо. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шен адвокатан офисех хьовсар ца тайна Трампна

Шен адвокатан Коэн Майклан офисах хьовсар ""ешапаш лехар" ду, шен харжаминй штабан Оьрсийчоьнца а бертадахар хилла дац  аьлла Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда. Леринчу прокуроран Мюллер Робертан команда критике йиллина Трампа, уьш "озабезамаш лело тоба ю" аьлла. Мюллер даржах вохор вуй ахь аьлла шега деллачу хаттарна жоп ца делла президенто, амма билгалдаьккхина, "эхь ду цара лелорийг, замано гойтур ду кхи дIа хиндерг" аьлла, хаамбо "Iамеркан аз" радионо. ФБР-н белхахоша... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчохь лахделла нах балар

Могушаллин министралло хааме даьхна Оьрсийчуьрчу регионашлахь уггар дукха а, кIезиг а нах баларан мехкаш, яздо "Известия" хьостано. Уггар лахара терахьаш билгалдаьхна ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Ямало-Ненецкан кIоштахь, Дагестанехь, Ханты-Мансийскехь. Бахархошлахь баларш алсам хиларца къаьстина Псковн, Новгородскан, Тверан, Тулан, Ивановон кIошташ. Болчу хаамашца, йоллу Оьрсийчохь баларш лахделла 3,9 процентна. Стохка 1,8 миллион стаг кхелхина Оьрсийчохь. И терахь лахара ду, дахначу шерашца дуьстича.


Если все-таки теракт, то кому была выгодна смерть президента Ирана Эбрахима Раиси?

Стала известна стоимость билетов на суперфинал Кубка России по футболу

Более 350 дефектов в содержании дворов Подмосковья устранили благодаря камерам

Новое отделение вызовов врачей на дом открылось в МОЦОМД в Люберцах



Новости 24/7 DirectAdvert - доход для вашего сайта



Частные объявления в Вашем городе, в Вашем регионе и в России



Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. "123 Новости" — абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Smi24.net — облегчённая версия старейшего обозревателя новостей 123ru.net. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city

Чемпионат «Камень, ножницы, бумага» пройдет в рамках проекта «Лето в Москве»

Лия Заурбекова заявила об избиении родственниками ее друга

Впервые с февраля доллар опустился ниже 90 рублей

Собянин рассказал о Международном форуме инноваций БРИКС

Музыкальные новости

Куклы Ульгэра учат детей и подростков ПДД: Россия, Культура, Театр и Дети

«Байкал Сервис» стал партнером Премии 2ГИС

Футбол Беларуси. Минское «Динамо» сразилось с «Шахтером» из Солигорска

В столице Туркменистана - Ашхабаде открыли памятник легендарному армянскому поэту и композитору Саят-Нове

Новости России

Паралимпиец из Звенигорода примет участие в международных соревнованиях

Новое отделение вызовов врачей на дом открылось в МОЦОМД в Люберцах

Региональное Отделение СФР предостерегает граждан Москвы и области от новой мошеннической схемы

Москву назвали лидером по производству мороженого в России

Экология в России и мире

Осторожно ВПЧ! Доктор Кутушов рассказал от чего появляются папилломы на теле

Футболисты ФК «Динамо Пушкино» заняли второе место в межрегиональном турнире Laffy Cup 2024

Модернизация контейнерных площадок продолжается в Реутове

Команда ювелирной сети «585*ЗОЛОТОЙ» приняла участие в благотворительном забеге от фонда «Антон тут рядом»

Спорт в России и мире

Сумасшедший матч «Реала», Медведев опустился в рейтинге ATP. Главное к утру

Немец Зверев выбил россиянина Медведева из топ-4 ATP

Шнайдер вышла в финал турнира WTA-125 в Париже, обыграв Грачёву

Потапова проиграла на старте турнира WTA-500 в Страсбурге

Moscow.media

Новые вызовы и обеспечение технологического суверенитета квалифицированными кадрами обсудили в Москве

Сотрудник Дубненского отдела вневедомственной охраны Главного управления Росгвардии по Московской области встретился с учащимися МОУ СОШ №1

АО «ДиМ» демонтировало 40% старого путепровода над железнодорожными путями

Шапки женские на Wildberries — скидки от 398 руб. (на новые оттенки)







Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *