Шемара ерриг Гута гIала Iедалан карахь ю
Оьрсийчоьнан тIеман министраллан информацица, туркойн эскарийн Iуналлехь йолчу къилбехьарчу территори тIе Дума гIалара 20 эзар гергга стаг кхачийна. ТIечIагIдарехь, оцу хенахь дина хилла химин герзаца тIелатар а.
Малхбузен пачхьалкхаша бехкейо Асад Башаран режим хими хецарна, ткъа Демаьшко а, Москоха а тIе ца буьту бекх.
Дина боху химин тIелатар дирзинчул тIаьхьа гIаттамхой арабевлла Дума гIалара. Гергарчу хенахь химин герз дихкинчу организацин эксперташ кхочур бу Думе, шайн талламаш дIабахьа. Шоьтадийнахь Демаьшка кхаьчна уьш.