Нохчийн депутаташ а, сенаторш а хене бовлуш бу деккъа алапах
![Нохчийн депутаташ а, сенаторш а хене бовлуш бу деккъа алапах](https://gdb.rferl.org/9262CD90-7B1F-4924-958C-B9D9C66F3378_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь а, Пачхьалкхан Думехь а болчу векалша хаамаш зорбане баьхна, 2017-чу шарахь шаьш даьккхина рицкъ довзуьйтуш, хаам бо "Регнум" агенталло.
Иштта, нохчийн 4 депутато а (Делимханов Адам, Догаев Ахмет, Саралиев Шамсаил, Селимханов Мохьмад), 2 сенаторо а (Сабсаби Зияд, Геремеев Сулейман) стохка цхьатерра ахча даьккхина, юккъерчу барамехь – 4 миллион 700 эзар гергга сом.
Оцу 6 стагах хахка машен йолуш цхьа а вац. Делахь а, Саралиевн хIусамненан Мерседес-Бенц GLE 350 машен ю, ткъа Селимхановс зудчуьнан ю - Mercedes Benz GL400 4M.