Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Новости от TheMoneytizer
Апрель
2018

Новости за 16.04.2018

Radiomarsho.com 

ДоьалгIа де ду Ереванехь демонстрацеш дIайоьлху

БIеннаш наха оршотан дийнахь кIевлина Ереванан дукхаха долу урамаш. Демонстрацийн декъашхойн Iалашо ю Эрмалойчоьнан хилла президент Сарксян Серж премьер-министр ца хIоттийтар.

Radiomarsho.com 

Нохчийн депутаташ а, сенаторш а хене бовлуш бу деккъа алапах

Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонехь а, Пачхьалкхан Думехь а болчу векалша хаамаш зорбане баьхна, 2017-чу шарахь шаьш даьккхина рицкъ довзуьйтуш, хаам бо "Регнум" агенталло. Иштта, нохчийн 4 депутато а (Делимханов Адам, Догаев Ахмет, Саралиев Шамсаил, Селимханов Мохьмад), 2 сенаторо а (Сабсаби Зияд, Геремеев Сулейман) стохка цхьатерра ахча даьккхина, юккъерчу барамехь – 4 миллион 700 эзар гергга сом.   Оцу 6 стагах хахка машен йолуш цхьа а вац. Делахь а, Саралиевн хIусамненан Мерседес-Бенц GLE 350 машен ю... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шемарчу Думе ца буьту дуьненаюкъара инспекторш

Шемарчу Думехь президентан Асад Башаран эскарша дIаьвшен герз тоьхна бохучу меттиге ца буьту ДIаьвшен герз дехкарехула йолчу Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллан (Organisation for the Prohibition of Chemical Weapons (OPCW)) инспекторш.  Цунах лаьцна хаам бина ХIаагехь дIахьош йолчу цу вовшахтохараллан исполкоман кхеташонехь. Дума карарчу хенахь Iуналлехь ю Шеман а, Оьрсийчоьнан а тIеман ницкъийн.   ДIаьвшен герз дехкарехула йолчу Дуьненаюкъарчу вовшахтохараллехь болчу ​Британин а, Iамеркан а векалша бехке йина Оьрсийчоь... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Контрсанкцех лаьцна низам тIеоьцуш ю Оьрсийчоьнан Дума

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхайкхийначу санкцешна жоп луш кечдинчу низаман проект йийцаре ян йолийна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думо. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо". Оьрсийчохь тIеоьцучу низаман цIе ю "Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Шаташа а, кхин йолчу пачхьалкхаша а доттагIаллин доцург лелорна дуьхьал дан дезачух лаьцна" аьлла. Цу документаца а догIуш, Оьрсийчу дар доьхкур ду юьртабахаман сурсаташ а, кхачанан сурсаташ а, корта бахо маларш а, тонка а, молханаш а. Амма Пачхьалкхан Дума дехка дагахь яц Оьрсийчохь деш доцу молханаш чудар. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Telegram болх беш яц Оьрсийчохь

Ерриг а Оьрсийчохь болх бечура сецна Telegram. Шайн компьютершна тIехь и мессенджер схьаялла аьтто боцуш бисна цунах пайда оьцуш хилла нах. Болх беш яц Telegram мобилан телефонашна тIехь а. Цуьнца цхьана Роскомнадзоро дIахьедина, Telegram -на блок хIоттийна шаьш аьлла.

Radiomarsho.com 

Ереванан урамаш къевлина дуьхьалонан акцин декъашхоша  

БIеннаш наха оршотан дийнахь кIевлина Эрмалойчоьнан коьртачу гIалан Ереванан дукхаха долу урамаш. ДоьалгIа де ду цу гIалахь демонстрацеш дIайоьлху. Церан декъашхойн Iалашо ю Эрмалойчоьнан хилла президент Сарксян Серж премьер-министр ца хIоттийтар. Охан-беттан 17-чу дийнахь парламентан декъашхоша Iедалан куьйгалхо хIотто мегаш ву Саргсян. Карарчу хенахь "Сан гIулч" боламан хьалханчо, халкъан гуламан депутато Пашинян Никола а, цуьнан агIончаша а дIакъевлина парламентана тIебоьду Багромянан проспект а, Московянан урам а. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Автоспорт езарш зударий нисбелла Нохчийчохь

Нохчийчуьра бахархой кIиранан дийнахь машенаш хохкуш хьажа бахана хилла, коьртачу декъана Iедалша иза тIедожорна, хаам бо Кавказ.Реалиино. Нохчийчуьрчу "Крепость Грозная" автодромехь хилира Оьрсичоьнан го тосуш машенаш хахкаран хьалхара мур. Берриг аьлча санна хьовсархой бара цигахь республикерчу бюджетан хьукмашкара. Цара дийцарехь, къовсадаларшка хьажа декхарелахь бинера уьш куьйгалхоша. Бюджетера алап оьцучу хьукматашкахь, дукхачу хьолахь, болх беш зударий хилар бахьана долуш, машенаш хохкуш хьажа баханарш коьртачу декъанаш уьш хиллера. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Президент Трамп хьалха санна лууш ву Iамеркан эскархой Шемара арабаха

Iамеркан Шемахь йолу Iалашонаш хийца ца елла. Президент Трамп Доналд лууш ву Iамеркан эскархошка и пачхьалкх "мелла а сиха йитийта". Цунах лаьцна дIахьедар дина КIайн цIен зорбанан секретаро Сандерс Сарас. Сайндерса билгалдаккхарехь, "Исламан пачхьалкх" шех олу тоба кхоччуш эшо а, ткъа иштта "иза юхайогIур йоцу хьелаш кхолла а" лууш ю Iамерка.




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *