Британин талламхошна хиъна Скрепалана тIелатар динарш муьлш бу
Британин полици а, леррина сервисаш а тIаьхьакхиана Солсбери гIалахь Скрипална а, цуьнан йоIанна а тIелатар дина нах муьлш бу. Уьш Оьрсийчоьхь бу. Цунах лаьцна яздо The Telegraph зорбанан гIирсо, шен хьастанашна тIе а тевжаш.
Цу нехан цIераш газето ца йоху, амма хаам бо, тIахьарчу деношкахь Скрипалашна тIелатар дар талламан жамIаш хилар.
Талламахоша теллина видеокамераша дIаяздинарг, ткъа иштта Британе кеманца баьхкинчу а, цул тIаьхьа цу шинна дIаьвшен тIелатар динчу а нехан цIераш. И дерриг бухе а диллина, къастийна и зулам динарш хила мегаш болу нах.