Добавить новость
World News in Chechen
Новости сегодня

Апрель
2018

Новости за 21.04.2018

Radiomarsho.com 

Шемара гIаттамхой арабовлуш бу кхин а цхьана кIоштара

Шемара гIаттамхой дIабаха кийча бу, масийтта шарахь шайн карахь хиллачу Димашкана гергарчу кIоштара. ТIедогIуш Шеман Iедална муьтIахь долу эскар а долуш, Малхбалерч Каламунехь йолчу масийтта гIалара шайн доьзалшца цхьаьна арабовла реза хилла оппозицин тIеман тобанийн декъашхой. Шеман къилбаседехь йолу и территори дIалоцур ю президентана Асад Башарна мутIахь болчу тIеман ницкъаша. Цу хьокъехь барт хилла шина агIонан, юкъарло лелош Оьрсийчоь а йолуш. ГIаттамхой Малхбалерчу Каламунера дIабаханчул тIаьхьа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ослохь лаьцнарг нохчийн къомах ву, боху Оьрсийчуьрча зорбанан гIирсаша

Хьалхо РИА Новости агенталло хаам баржийнера, Ослохь бакъо йоцу оьккхуьйту молха лелорна шеко йолуш Оьрсийчуьра вахархо лаьцна аьлла. Болчу хаамца, Ослорчу цхьана петаре полици кхайкхинахилла, цу чохь лоьрийн гIо оьшуш стаг ву аьлла. Полисхоша талам бича цу чохь карийна эккхарна кхерам болу коьчалла. Цул тIаьхьа оьрсийчоьнхо лаьцна. ТIаьххьара болчу хаамца, полицино лаьцнарг 3 стаг хилла. Оьрсийчуьрча news.vse42.ru яздо церах лаххара а цхьаъ, къомах нохчо хиларх лаьцна. Иза хьошалгIа веана хилла Осло. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Ким Чен Ын-ан дIахьедар къобалдо дуьнено

Евроберто а, Британино а, Китайно а шоьтан дийнахь къобалдина Пхеньяно ракеташ а, зарратан бомбанаш а зер дитар. Цунах лаьцна хьалхо хаам бинера Къилбаседа Корейн лидеро Ким Чен Ына.  Евробертан арахьарчу гIуллакхийна урхалло аьлла, КНДР-н Iедалша бина сацам "дикачу агIор яьккхина гIулч" ю аьлла. Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда шен твиттерехь аьлла "иза шена Къибаседа Корейна  дика кхаъ бу" аьлла. Цо хаам бина, ша ладоьгIуш ву, хьалха дIахьедина ма хиллара, Къилбаседа... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Нохчийчуьра Iедал адамийн бакъонаш йохорна бехке дина Iамерко

"Кадыров Рамзанан Iедало Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош ю, хуьлуш бекхам а боцуш. Цхьа а низам талхор теллина дац цигахь, я кхачийна дац меттигерчу я федералан суьде", - аьлла ду Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хIора шарахь арахоьцучу рогIерчу рапорта тIехь, хаам бо РИА Новости агенталло. Хьалхо Кремлехь Кадыровс тешийра президент Путин Владимир, зорбанан гIирсашкахь Нохчийчохь адамаш лечкъош а, дойуш а ду бохуш яздеш дерг питанан чулацам болуш хиларх. Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира, байина боху нах эххаре а дийна карийра шайна аьлла. Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Шен хIусамехь оьккхуьйту молха латтарно Орсийчоьнан вахархо лаьцна Ослохь

Норвегин коьртачу гIалахь Ослохь, бакъо йоцу оьккхуьйту молха лелорна шеко йолуш лаьцна Оьрсийчуьра вахархо, хаам бо РИА «Новости» агенталло.  Цо дийцарехь, Ослорчу цхьана петаре полици кхайкхинахилла, цу чохь лоьрийн гIо оьшуш стаг ву аьлла. Полисхоша талам бича цу чохь карийна эккхарна кхерам болу коьчалла. Цул тIаьхьа оьрсийчоьнхо лаьцна. Талламхоша левинчул тIаьхьа кхелан сацамца талламан изоляторе хьажийна и стаг. Полицино кхин хIумма а ца даладо билггала. Хууш дац карийнарг хIун ю а.

Radiomarsho.com 

Шарджера хьалхара кема кхаьчна Соьлж-ГIала

Оханан- беттан 20-чохь Air Arabia авиакомпанино Соьлж-ГIалара кеманан рейс йина Шарджа гIалара, хаам бо grozny-inform.ru хьасто. Кеманна дуьхьал ваханера республикан Iедалан ден когаметта Хакимов Хьасан. Цо дийцарехь, кхечу регионашца дуьстича, Соьлж-ГIалара Эмираташка билеташ дораха ду. Цхьаьнатоьхначу Iаьрбийн Эмираташка Нохчийчуьра кема лелар ду аьлла, хаам бинера социалан машанерчу шен аккаунтехь мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. "Iаламат доккха хазахетар ду сан шуьга. Цхьаьнатоьхначу Iарбийн... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Британин талламхошна хиъна Скрепалана тIелатар динарш муьлш бу

Британин полици а, леррина сервисаш а тIаьхьакхиана Солсбери гIалахь Скрипална а, цуьнан йоIанна а тIелатар дина нах муьлш бу. Уьш Оьрсийчоьхь бу. Цунах лаьцна яздо The Telegraph зорбанан гIирсо, шен хьастанашна тIе а тевжаш. Цу нехан цIераш газето ца йоху, амма хаам бо, тIахьарчу деношкахь Скрипалашна тIелатар дар талламан жамIаш хилар. Талламахоша теллина видеокамераша дIаяздинарг, ткъа иштта Британе кеманца баьхкинчу а, цул тIаьхьа цу шинна дIаьвшен тIелатар динчу а нехан цIераш. И дерриг бухе а диллина... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: Шемахь вийна "Грозный" телевизионан штатехь воцу корреспондент

"Димашкара кхаьчна гIайгIане хаам. ПIераскан дийнахь рузба дале хьалха Димашкехь, леррина герз а тоьхна, вийна ЧГТРК "Грозный" телекомпанин штатехь воцу корреспондент Шеман махкахо Балан Ихаб", - яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте, хаам бо "Грозный" телекомпанино. Телевизионо билгалдаккхарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо кадам а бина гергарчаьрга а, журналистан белхан накъосташка а. Кадыровс дийцарехь, Баланан доьзална гIо дийр ду Нохчийчуьрча Iедало.  Хьалхо Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсаша яздинера... Читать дальше...

Radiomarsho.com 

Кадыров: Шемахь вийна "Грозный" телевизионан штатехь воцу журналист 

"Димашкара кхаьчна гIайгIане хаам. ПIераскан дийнахь рузба дале хьалха Димашкехь, леррина герз а тоьхна, вийна ЧГТРК "Грозный" телекомпанин штатехь воцу журналист Шеман махкахо Балан Ихаб", - яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте, хаам бо "Грозный" телекомпанино. Телевизионо билгалдаккхарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо кадам а бина гергарчаьрга а, журналистан белхан накъосташка а. Кадыровс дийцарехь, Баланан доьзална гIо дийр ду Нохчийчуьрча Iедало.  Хьалхо Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсаша яздинера, Шемахь... Читать дальше...




Smi24.net — ежеминутные новости с ежедневным архивом. Только у нас — все главные новости дня без политической цензуры. Абсолютно все точки зрения, трезвая аналитика, цивилизованные споры и обсуждения без взаимных обвинений и оскорблений. Помните, что не у всех точка зрения совпадает с Вашей. Уважайте мнение других, даже если Вы отстаиваете свой взгляд и свою позицию. Мы не навязываем Вам своё видение, мы даём Вам срез событий дня без цензуры и без купюр. Новости, какие они есть —онлайн с поминутным архивом по всем городам и регионам России, Украины, Белоруссии и Абхазии. Smi24.net — живые новости в живом эфире! Быстрый поиск от Smi24.net — это не только возможность первым узнать, но и преимущество сообщить срочные новости мгновенно на любом языке мира и быть услышанным тут же. В любую минуту Вы можете добавить свою новость - здесь.




Новости от наших партнёров в Вашем городе

Ria.city
Музыкальные новости
Новости России
Экология в России и мире
Спорт в России и мире
Moscow.media






Топ новостей на этот час

Rss.plus





СМИ24.net — правдивые новости, непрерывно 24/7 на русском языке с ежеминутным обновлением *