Кадыров: Шемахь вийна "Грозный" телевизионан штатехь воцу журналист
"Димашкара кхаьчна гIайгIане хаам. ПIераскан дийнахь рузба дале хьалха Димашкехь, леррина герз а тоьхна, вийна ЧГТРК "Грозный" телекомпанин штатехь воцу журналист Шеман махкахо Балан Ихаб", - яздина Кадыров Рамзана ВКонтакте, хаам бо "Грозный" телекомпанино.
Телевизионо билгалдаккхарехь, Нохчийчоьнан куьйгалхочо кадам а бина гергарчаьрга а, журналистан белхан накъосташка а. Кадыровс дийцарехь, Баланан доьзална гIо дийр ду Нохчийчуьрча Iедало.
Хьалхо Оьрсийчуьрчу хаамийн гIирсаша яздинера, Шемахь герз тоьхна хиларх лаьцна Оьрсийчуьра журналисташ тIехь болчу автобусна.