Кадыровс Наурерчу колонера хьал талла Нохчийчу кхайкхина Салливан
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Соьлж-ГIала хьошалгIа кхайкхина Iамеркан пачхьалкхан секретаран декхарш кхочуш деш волу Салливан Джон, Цхьаьнатоьхначу Штаташа Нохчийчуьра Iедал адамийн бакъонаш йохорна бехке динчул тIаьхьа, хаам бо РИА Новости агенталло
"Кадыров Рамзанан Iедало Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош ю, хуьлуш бекхам а боцуш. Цхьа а низам талхор теллина дац цигахь, я кхачийна дац меттигерчу я федералан суьде", - аьлла ду Iамеркан Пачхьалкхан департаменто хIора шарахь арахоьцучу рогIерчу рапорта тIехь.
Кадыровс шен ВКонтакте агIона тIехь яздина, Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош ю бохург бакъ дац аьлла. Республикерчу бахархойн адамийн бакъонаш ларъярца доьзна хьал Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь долчулла а гIоле ду, бохуш чIагIдо Кадыровс.
Iамеркан хир волу пачхьалкхан секретар Нохчийчу кхайкхина цо Наурерчу колонера хьал талла. Цигарчу тутмакхийн хьелаш Iамеркехь чубоьхкинчу нехан долчул а ледара хилаахь, ша къинтIера довлар доьхур ду боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо.