Ереванехь полицино дIасалаьхкина демонстранташ
Полицино дIасалаьхкина Ереванехь дуьхьалонан акце арабевлла нах, ткъа церан лидер, депутат Пашинян Никола, дIалаьцна, хаам бо gazeta.ru интернетан сайто, РИА Новости агенталлана тIе а тевжаш. Марш сацийнера полицино Ереванан Эребуни кIоштахь. Цул тIаьхьа полисхо пайда ийцира, серло а тухуш, вуно чIогIа гIовгIа йоккхуш лелхачу гранатех а, кхин болчу а полицин лерринчу гIирсах. Хьалхо Пашинянан а, премьер-министран Саргсян Сержан а дийцарш дIадирзира, цхьа а жамI доцуш. Премьеро дIахьедар дира, оппозиционеро лелош дерг "шантаж" ю, аьлла. Читать дальше...