Трампна а, Меркелна а дихкина нохчийн Iедалша шайн махка бахка
![Трампна а, Меркелна а дихкина нохчийн Iедалша шайн махка бахка](https://gdb.rferl.org/690DB702-EF66-4F11-84EC-0AF8376DCC67_cx0_cy1_cw0_w800_h450.jpg)
Трамп Доналдна а, Меркел Ангелна а, кхечу Малхбузерчу хьаькамашна а дуьхьал ша санкцеш яьхна дукха хан ю аьлла Кадыров Рамзана. Нагахь уьш республике богIий, шаьш оцу сохьта лаца а лаьцна, чубухкур бу аьлла цо "Россия 24" телеканалан эфирехь. 2017-чу шеран Iай "Магнитскийн тептаре" ваьккхира Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнан пхи вахархо, шайлахь Кадыров а волуш. "Адамийн бакъонаш талхорна" аьллачу бахьанаца нисвеллера иза санкцешка.
Байначу баттахь Эстонино а дихкира Кадыровна а, кхин а 49 хьаькамна а шайн пачхьалкхе бахкар изза бахьанашца. Кадыровс бахарехь, Вашингтоно сацам бар доьзна ду, иза терроризмаца къийсам латточийн агIонча хиларца, ткъа Таллино Iамеркахошна там бархьама.
2013-чу шарахь дуьйна долийна ду Iамерко "Магнитскийн тептар". Iамеркан Iедалша оцу тептаре боху, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьоьшурш.