Езахь яло мегар ду йиъ зуда а аьлла Кадыров Рамзана
![Езахь яло мегар ду йиъ зуда а аьлла Кадыров Рамзана](https://gdb.rferl.org/186EBDE6-E82B-41B5-9D8E-79E7BD053821_cx0_cy4_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчохь масех зуда ялон бакъо луш низамаш ду кечдеш бохуш, яьржина информаци бакъ ца йина Кадыров Рамзана. "Россия 24" телеканалан еллачу интервьюхь аьлла цо ишта.
"Ас цкъа а ца аьлла иштаниг, - аьлла, дуьхьало йина Кадыровс, корреспондентан хаттарна жоп луш. – Со ма вац бусулбачунна бакъо яла хьакъверг. Дала елла бакъо ма ю - 4 зуда магош".
"Низаман тIегIанехь дуьйцуш дац и хаттар. Нагахь езаш вуй хьо – ялае, кхаба а кхаба, - аьлла Кадыровс. – Оха ма ца боху, и 4 а зуда ЗАГС-е а йигий, уьш хьайн долахь хиларх чIагIо яйта. Ялийний, дине диллича, иза хьан долахь зуда ю-кх, шен бакъонаш а йолуш. ЗАГС хIун ю аьлча, доьзал бохо Iалашонца низамо дуьххьара яьккхина гIулч ю-кх иза".