Трамп: Къилбаседа Корейхь лаьцна хилла кхо Iамеркахо цIа вогIуш ву Помпеоца
![Трамп: Къилбаседа Корейхь лаьцна хилла кхо Iамеркахо цIа вогIуш ву Помпеоца](https://gdb.rferl.org/B1527B68-2DD3-4C61-A279-B3AF86B0E9F2_w800_h450.jpg)
Iамеркан президенто Трамп Доналда дIахьедар дина кхаарин дийнахь, Къилбаседа Корейхь лаьцна хилла кхо Iамеркахо цIа вогIуш ву Пхеньянехь визитаца хиллачу пачхьалкхан секретарца Помпео Майкаца аьлла.
Кхуьа а, хетарехь, могуш-маьрша ву, яздина Трампа Twitter-хь.