Кадыровна "Даймехкан Турпалхо" орден елла парламенто
![Кадыровна](https://gdb.rferl.org/F0C5F93F-F61C-44AA-8ABF-B031B7385F6C_cx0_cy5_cw0_w800_h450.jpg)
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна "Даймехкан Турпалхо" орден елла меттигерчу парламентан спикеро Даудов Мохьмада. Цунах лаьцна хаам бина РИА Новости агенталло.
Парламентехь бинчу хаамца, и орден кхоьллина депутаташа кхушеран Зазадоккхучу-беттан 1-чу дийнахь.
Нохчийчоьнан куьйгалхо дуьххьарлера стаг ву парламенто иза елларг